ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

РогIера Украинера сурсаташ дихкина Оьрсийчоьно


Оьрсийчоьно юха а дихкина Украинера рогlера сурсаташна импорт яр. ПIераскана дийнахь дуьйна мегаш дац Оьрсийчу дохка дан «Оболонь» а, », «САН ИнБев Украина» а, «Украинская дистрибуционная компания» олучу фирманаша деш долу маларш. Оьрсийчоьнан «Роспотребнадзор» урхалло чIагIдарехь, цу компанеш бохийна цхьацца билламаш.

Товбеца-баттахь дуьйна Оьрсийчохь дихкина ду Украинера шура а, цуьнах деш долу сурсаташ а эцар. Цул хьалха дихкинера картол а, жижиг а дохкар. 2013-чу шарахь дуьйна магийна дац Оьрсийчохь, карарчу хенахь Украинин президентан долахь йолчу «Рошен» компанино еш йолу шоколад йохка. Цунна жоп луш, Украинин Iедалша дихкина Оьрсийчура цхьамогIа кхачанан сурсаташна импорт яр.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG