ТIекхочийла долу линкаш

Иккхинчу Мударовн лулахой лецна


Иттех де хьалха Соьлж-ГIалахь, пхи полисхо а вуьйш, ша-шен эккхийтинчу Мударов Аптин лулахочун Юсупов Мохьмадан да-нана, йиша-ваша лаьцна Нохчийчуьрчу Iедало. Мударов Апти эккха кечлуш, цунна гIодина аьлла хета нах зуьйш, лецна ЮсуповгIар.

Оцу кепо декхарево церан СаIуда Iаьрбийн махкахь доьшуш волу доьзалхо Мохьмад, цIа а веана, полицина тIеваха. Лохуш бу полицино интернетехула Мударов Аптица зIенехь мел лаьттина нах. Ша Мударов оьзда, гIиллакхе кIант вара бохуш вуьйцу иза вевзинчара.

Полицино жоп ца делла журналисташна, цуьнан лулахой стенна лецна аьлла, шега динчу хаттарна.

XS
SM
MD
LG