ТIекхочийла долу линкаш

"Мемориал" юкъаралла йохош ю Оьрсийчоьно


Адамийн бакъонийн тергоечу ХIьюман Райтс Вотчо Оьрсийчоьнан юстицин министралла кхойкху «Мемориал» юкъаралла боцчу бехке ца ийзор, хаамбо Интерфакс-агенталло. «Мемориал» дIакъовла догIу я ца догIу толлуш ю Оьрсийчоьнан Лакхара кхел.

Юстицин министралло юкъаралла бехкейо цхьацца низамаш талхорна, ткъа «Мемориална» а, цуьнан адвокаташна а хетарехь, бахьанаш ду хьалхадаьхна, бакъоларъярхошка болх сацабайта гIерта Кремл. Еарийдийнахь кхело карара бутт бовш листа тIехьатеттина дов.

XS
SM
MD
LG