ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Штатийн керла тIеман министр - Картер Эштон


Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Обама Барака шайн пачхьалкхан керла тIеман министр хIоттийна Картер Эштон.

60 шо долу физик, хIинццалц Пентагонан куьйгалхочун гIовс хилла Картер шен дарж хуур ву деношкахь. Шина шарахь оцу даржехь Iийна Хейгл Чак мукъаваьккхина Обамас.

Картер тIемаш бина вац, амма билгалваьлла эскаршна герзаца а, гIирсаца а кхачоярехь дакъалаьцна хиларца. Картеран Обамица цхьана ойланаш ян дезар ду «Исламан Пачхьалкх» жигараяларх а, Оьрсийчоьнан эскархой Украинерчу кризисан декъахь хиларх а, Китайн политика шагъяларх а, ГIажарийчоьнан зарратан программа машаран хорша ерзорах а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG