ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамерко санкцеш кхайкхийна Нохчийчура шина Iедалхочунна


Магнитскийн актана юкъатоьхна Iамеркин финансин министралло кхин а Оьрсийчура 4 стаг. Царах ших Нохчийчура Iедалхо ву – чоьхьарчу гIуллакхийн министран когаметта Алаудинов Апти а, республикан куьйгалхочуьнан а, Iедалан а администрацин куьйгалхо Даудов Магомед а.

Цул сов санкцешна къел вахана Оьрсийчоьнан инарлин прокуроран когаметта Гриня Игорь а, Талламан комитетан белхахо Стрижов Андрей. Цхьаьнатоьхначу Штаташа уьш бехке беш бу адамийн бакъонаш талхорна. Цу нахана дихкина ду Iамеркин территори тIе бовла. Нагахь церан Iамеркин банкашкахь чоьташ ялахь уьш болх бечура совцор ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG