ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIирма гергарчу хенахь юхаерзо аьтто хир бац боху Яценюк Арсенийс


Оьрсийчоьно дIалаьцна ГIирма гергарчу хенахь юхаерзо аьтто хир бац аьлла дIахьедар дина Украинин премьер-министро Яценюк Арсенийс. Шо чекхдаларна хьжийначу зорбанан конференцехь цо элира хенан йохалла и ахгIайре Украинина юхалур ю аьлла. Яценюка билгалдаьккхира кху дуьнентIехь цхьаммо а къобул деш ца хилар ГIирма Оьрсийчоьно дIалацар.

Украинин премьер-министро хаам бира 2014-чу шарахь Украинина а, Оьрсийчоьнна а юкъахь йохка-эцар лелор нисса ах лахделла хиларх лаьцна. Яценюка цунна бехке йира Москох. Оьрсийчоьно цкъа а лар а ца бина, хIинца а ларбеш а бац ша кечу пачхьалкхашца бина берташ, шена юкъахь экономикан сферехь бинарш а болуш, бохуш вара Яценюк Арсений.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG