ТIекхочийла долу линкаш

Ши тIемало вийна Нохчийчохь


Нохчийчохь стохка ГIуран-беттан 4-чу дийнахь зорбанан цIанна тIелатар дарца уьйрш хилла ши тIемало вийна аьлла дIахьедар дина Оьрсийчоьнан антитерроран комитето.

Хьалхо Кадыров Рамзана дIахьедар дира Невр-кIоштахь Мекенская олучу эвлан йистехь леррина тIеман операци дIаяьхьна шаьш аьлла.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо дийцарехь, цигахь вийна Завгаев Муса цIе йолу стаг а, цуьнан накъост Омаров Башир а. Кадыровс чIагIдарехь, Завгаевс байина хилла полицин а, Iедалан а белхахой.

XS
SM
MD
LG