ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юха а герзаш детташ ду Донецкехь


Дечкен-беттан Хьалхарчу дийнахь Iуьйранна дуьйна 15-зза герз тоьхна Украинин къилба-малхбалехь контртерроран операци дIахьош долчу Украинин эскаршна. Цунах лаьцна хаам бина тIеман операцин зорбанан сервисо. Цо дийцарехь, коьртачу декъана сепаратисташа герзаш диттина Донецкерчу аэропортана.
Донецкан халкъан олучу республикан тIеман ницкъаша масатоьпаш йиттина ца Iаш, Украинин эскархошна йиттиина яккхийн тоьпаш а, минометаш а.
Хьалхо сепаратистийн векалша хаам бинера Интерфакс агенталле, Украинин ницкъаша даханчу дийнахь-бусий 8-зза йохийна герзаш деттар сацоран раж аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG