ТIекхочийла долу линкаш

Даьттан ах кийла бахьанехь елла Блокадан ветеран


Ленинградехь блокада лайна къано ларамза ерца доьзна бехктакхаман гIуллакх айдина Петарбухарчу полицино, хаам баржийна Оьрсийчоьнан Талламан комитетан векала Маркин Сергейс. Талламчаша бахарехь, шинарийдийнахь 81 шо долу зуда полице кхачийна хилла, цо туьканара даьттан кхо гуьбарчиг лачкхийна аьлла. Шега хаттамбечу юкъанна дог а малделла, елла къано.

Полицехь цуьнга муха бира хаттам, мел шога хилла толлур ду, боху Маркин Сергейс. Хьалхо Петарбухан прокурора элира, зуда къоладарна бехкеян бух бац, иза ша эца леринчу даьттан мах дIабала гIерташ хилла, аьлла.

XS
SM
MD
LG