ТIекхочийла долу линкаш

Украиница Евроберто бина йохка-эцарца боьзна барт болх бан болалур бу шен хеннахь


Украиница маьршша йохка-эцар лелорах болу барт кхочуш бан болор тIаьхьатоттур дац Евроберто. Цунах лаьцна хаам бина Евробертан йохка-эцарца доьзначу хаттаршкахула йолчу коммисаро Малстрем Сесилияс.

Цо дийцарехь, Евроберто Украиница бина барт болх бан болалур бу 2016-чу шарахь Дечкен-беттан 1-чу дийнахь. Оьрсийчоь дуьхьал ю цу бертана. Цо шайн хаьшташна эшам бийр бу аьлла хета Оьрсийчоьнан Iедалшна.

XS
SM
MD
LG