ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийн мотоциклш, басарш а хьаькхна, Украинин байракхах тарйина гуьржаша


Шотан буса Тбилисехь бевзаш боцучу наха Украинин байракхах тарйеш басарш хьаькхна Оьрсийчура баьхкинчу туристийн мотоциклшна. Оьрсаша дийцарехь, церан цхьа а юкъаметтигаш яц «Ночные волки» олучу тобанца. Iуьйранна дуьйна Гуьржийчура байкерш бара Ваке олучу паркан ков лардеш, «Ночные волки» тобанера оьрсий, шайн атрибутика а эцна, цига цабита дагахь.

Даханчу кIиранах «Маьрша зона» олучу вовшахтохаран декъашхоша Тбилисехь шина оьрсийчуьнга шайгга дIахададайтира мотоциклшна тIедихкина долу георгин олуш долу цуьргаш. ТIаьхьо и бахьана долуш Гуьржийчоьнан полицино лаьцнера меттигера ши вахархо.

XS
SM
MD
LG