ТIекхочийла долу линкаш

ОвхIанистанан провинцехь Iеламчашна тIе герз диттина


Шайн Гилменд провинцехь къоштан хьашташ дийцаре дан гулбеллачу Iеламчашна тIе герз а тоьхна, 7 стаг вийна тIалибаша, хаамбина ОвхIанистанан полицино. Мехкан Iеламчийн Улемо хьалха дуккхаза а хаийтинера, ша ОвхIанистанан Iедалехь а, ТIалибанца лиэтачу цуьнан кхерамзаллин ницкъашкахьа а юйла. Гилмендехь кхелхинчех кхоъ полисхо ву. ТIелеттачу тIалибех вийна полицино шиъ.

ТIалибийн векала Ахьмади Юсуфа даржийна, шаьш вийнарг I5 стаг ву аьлла. Кест-кеста нисло тIалибаша шаьш Iедална дина дараш дестош. Гилмендехь тIаьххьарчу кIиранашкахь маситтаза а дина хIинца санна долу тIелетарш.

XS
SM
MD
LG