ТIекхочийла долу линкаш

Шайн премьер-министр ца лоцуьйту Румынин парламенто


Румынин парламент реза ца хилла шайн махкарчу полицино коррупци лелорна бехкевен премьер-министр Понт Виктор лаца аьтто бечу низаман тIегIане охьаваккха. Мехала кехаташца бозбуанчалла лелор, Iедалан ахча доладаккхар, ял дIа ца ялар ду цунна бехкедеш. 7 шо хьалха цо ша лачкъийна 70 эзар сов доллар шен доттагIчун фирмехула чекх а даьккхина, Бухарестехь ши петар эцна шена, боху полицино.

Скандалца доьзна Румынин президента ЙохIаннис Клауса дарждитар дехнера Понте, вукхо ша даржахваккха бакъо парламентан бен яц аьллера. Ткъа парламент доккхачу декъанна лаьтта Понт юкъахь волчу социал-демократин партех.

XS
SM
MD
LG