ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путине латкъа бахана чувашаш


Чувашин шахьарара Чебоксарера бахархой шина автобусахь Москох баха новкъабевлла президенте Путин Владимире шайн мехкан Iедална латкъамбан. Дуккха а нахана, уьш бига кечйина машенаш лелочарна кхерамаш тийсина Чувашерчу хьакамаша, Москох цабахийта. Махканна керла гIишлош йо бохуш, шаьш беха хIусамаш йохорна дуьхьалбевлла чебоксархой.

Оццу бахьанийца арздан ах-бутт хьалха а вахара Чебоксарера 120 стаг Москох, амма полицино пачхьалкхан коьрта шахьарара уьш аракхийсира шаьш баьхккинчу автобусашкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG