ТIекхочийла долу линкаш

Шайн ракеташ алсамйовларх лаьцна хаам бина Путин Владимира


Оьрсийчоьнан зарратан арсеналана тIекхетта кхечу континенташна тIекхача аьтто болу кхин 40 ракета. Цунах лаьцна Шинарин дийнахь дIахьедар дина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. Путин дакъалоцуш вара Москох областехь йолчу Кубинка олучу меттехь Дуьненаюкъара тIеман-техникан форуман болх дIаболалуш хиллачу церемонехь. Оьрсийчоьнан куьйгалхочо дийцарехь, и керла ракеташ таро йолуш хир ю муьлхха а ракеташна дуьхьал йолчу системах чекхйовла.

XS
SM
MD
LG