ТIекхочийла долу линкаш

Керла меттигаш дIалоьцу "Исламан пачхьалкх" тобано


Шаьш еарийдийнахь мукъаяькккхинчу Iайн-эл-Iараб гIалара юха а аратийсина «Исламан Пачхьалкх» олучу тIеман тобанаша курдойн ницкъаш. Британерчу шемахойн бакъоларъярхоша хаамбарехь, лаххара а вийна цу тIамехь 174 вахархо.

Курдойн герзахойх а белла алссам нах. Шемара ХIасакехь гIалахь а лаьтта жихIадхошна дуьхьал тIемаш цхьанаболчу Iедаланний, курдойнний ницкъийн. Оцу гIалара ведда 120 эзар вахархо, хаамбо Цхьанакхеттачу къаьмнийн организацин хьостанаша.

XS
SM
MD
LG