ТIекхочийла долу линкаш

Геремеев Русланан петарехь болх беш хилла зуда лейина талламхоша


Немцов Борис вуьйш куьйгалла дина хила мега аьлла шеконехь волчу Геремеев Русланан петарехь болх беш хилла зуда лейина талламхоша. Цуьнан цIе ю Зарема. Цунах лаьцна яздо Коммерсант газето. Цу зудчо дийцарехь, Гермеев Русланах олуш цахилла «Русик», Мухудинов Русланах олуш хилла.

«Русика» 25 миллион сом ахча лур ду аьллера шайна Немцов вех аьлла дIахьедар динарг вара и зулам дина хила мегаш ву аьлла лаьцна латтош волу Дадаев Заур. Заремас дийцарехь, Геремеев вехачу петарехь хилла Немцов Борис вуьйш дакъалаьцна аьлла хьехош болу берриг а фигуранташ, шайна юкъахь Дадаев Заур а, Губашев Анзор а, Эскерханов Темирлан а, Шаванов Беслан а волуш. Немцов Борис вийра Чиллан-беттан 27-чу дийнахь Москох юккъехь.

И зулам дарна бехке хила мега аьлла лаьцна ву 5 стаг. Геремеев Руслан а, Мухудинов Руслан а лоьхуш ву.

XS
SM
MD
LG