ТIекхочийла долу линкаш

Массех юьртда вохийна Нохчийчоьнан Iедало даржера кху тIаьххьарчу муьрехь. Доккхачу декъанна шайна декхарш мехкан администрацино ма-деххара кхочуш цадарна деш нийсло и таIзар, аьлча, коррупци лелорна. Ткъа цхьа юьртда вуй-те кхаьънийн маза кхуллушверг?

Чоьхьарчу гIуллакхийн министаралло хааме даккхарца, карарчу хенахь цхьаболу юртдай хьарам ахча доккху некъаш шордарехь къахьоьгуш бу. Царех цхьа некъ бу доьзалехь хIоккхул стаг ву аьлла, кехат-тоьшалла лург юьртахошка токхамаш байтар. И тайпа зулам бахьнехь лаьцна Ножай-юьртан кIоштан Дечиг ГIалитIа эвлара юртда.

Полисхойн урхаллин хьостано чIагIдарца, доьзал хьокъехь кехатан цуьрг язйийриг цо цкъа 8 эзар, цул тIаьхьа 20 эзар сом ахчанаш даьхна шен юьртахошкара. Нажи-Юьртан кIоштан кхело бинчу сацамца кхаьънаш эцарна иза лаьцна.

Цуьнан адвокато и чуволлар тIех таIзар лоруш бина латкъам мехкан Лакхарчу кхело кIоштан низамхоша бина сацам хийцаза битина. Юртда маьрша витча, цо, тешашна кхерам а туьйсуш, новкъарло ян тарло шена дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакх кхиамца чекхдаккха аьлла, прокуроро ялийначу шеконна тIетайна Лакхара кхел.

Юртдай а, кхиболу юккъерчу тIегIанара хьаьакамаш а, маьхькIамхой а цу кепара жоьпе ийзийна масалш кхузахь кIезиг дац. Цхьаболчу бахархошна хетарехь, лакхара охьа ду шадерг.

Нахера ахча дIаийзадан йиначу ламин-ирхенан уггар лахара цхьа киртиг бен яц юртдай: тIедиллинарг маса кхочуш а деш, хьашто хилахь, нехаш тIехьакха «аьшкал» бан аьтто а болуш. Ишта хьажам болучех ву Гуьмсан кIоштера Iиса.

Iиса: « Коьртехь болучаьргара охьа ду шадерг. Церан лаамций бен юртдайша хIумма а деш дац. Цара де аьлларг ду юртдайша дийриг. Ахча ца делча, цхьа метр латта луш дац. Хьан ворхIе да ваьхначу лаьттах юха а токхамаш бен боху.

И доцуш лаьтташ ду-кх сан гIуллакх. Сан да а, деда а баьхначу кертахь вехаш ву со. Соьга юртдас и ков-керт сан доладаккха ахча охьадилла деза боху. Iедалан бохчичу доьдуш а ма дац и ахча, маьхькIамхоша шайн кисана дуьллуш ду.

Юртдайша шайггара йоккхуш цхьа гIулч а яц. Уьш баьхьар а бацара, масала кIоштан дена а ца хууш хьарам хIума лело».

Нехан хьашт-дезарш листарехь хьалха а, хIинца а юьртден хьукхамато бечу балха тIехь яккхий башхаллаш зееллачех ву Новр кIоштера Мохьмад. Цунна хетарехь, шайнне лаа а лиъна, шайн лаамехь лелош яц цара хьарам харцонаш. Иза тешна ву, лаахь а, ца лаахь а уьш цу хьоле бохуш бу аьлла.

Мохьмад: «Тохара, Советан Iедал долчу хенахь, хьуна дала декхар долу кехат маьхаза лора, харц кехат дала бахьа а ца бахьара. ХIинца кхоьруш хIума а дац, ахча дIаделчахьана, муьлхха а кехат луш ду-кх. Тхан юьртахь дала йиш йолчунна а, йоцчунна а, кхаьънаш схьа а оьцуш, латтанаш дIадеккъа.

Цунна Iедало сацадайтина ду-кх и гIуллакх. Шайггара юртдайша и харцонаш лелор ю аьлла ца хета суна-м. Адам къарра-м ца ло. Тахана ахь цхьаъ дIа а ваьккхина, кхин хIоттийча, бутт-батте балале цо а изза леладо».

Юртдайша шайна могуьйту харцонаш бахьанехь бистхиллачу могIарерчу нахах дукхахберш тешна бу, урхаллехь болчу Iедалдайшна хаа а ца хууш, кIоштан хьаькамийн аьллар кхочушдеш лелайо цара харцонаш аьлла. Бакъду, и тайпа ойла-хетарг буххера дуьйна а Iехам лорурш а бац кIезиг.

XS
SM
MD
LG