ТIекхочийла долу линкаш

Шемахь эккхийтар кечдинчех цхьаъ лаьцна


Туркойчоьнан Iедало махкахь, Шемин дозанна гергахь дина эккхийтар кечдинчех хила тарлучех цхьаъ лаьцна шинарийдийнахь. И хаамбина мехкан премьер-министра Давутоглу Ахьмада. Ша-шен эккхийтинчу стага вийна 32 вахархо, 29 дарбанцIийнехь ву. Давутоглуна хетарехь, зуламхой хила тарло ДАIИШ-ера. Туркойн Iедало хаамбо ша Шемица долу доза чIагIдарх лаьцна.

Оршотдийнахь Суруч гIалахь синбахамаллин цIенна гергахь Туркойчуьра курдойн кегийрхой лулара, Шемин лаьтта тIехь йолу Кобани гIала меттахIотторах лаьцна пресс-конференци дIаяхьа гулбеллачохь дира эккхийтар. Кобани биъ бутт хьалха, Iамеркан кеманаша гIо а деш, жихIадхошкара схьаяьккхира курдойн тIемалоша.

XS
SM
MD
LG