ТIекхочийла долу линкаш

Доьза вайна нохчийн мухIажир


Полшано Оьрсийчоьне дIавелла мухIажир Жамалдаев Зоврбек доьза вайна аьлла дIахьедина бакъоларъечу «Мемориал» центро кхаарийдийнахь. Ткъа ша и нохчо Москох дIакхачийна хилла ши кIира хьалха. Цигахь ханна сецна, шен вевзачу цхьана накъостца Москох дIасалелаш, иза тергалвеш тIаьхьаяьлла лелла цунна «Лада-Приора» а, «Калина» а машенаш боху «мемориалхоша». Бакъоларъярхочо Ганнушкина Светланас Жамалдаев волу меттиг къастор дехна Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллукхийн министралле.

2008-чу шарахь, тIемало ву аьлла, Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело цхьана ханна набахте хьажийча, хенал хьалха дIахецна хилла иза, ткъа кест-кеста волу меттиг хоьттуш хилла Нохчийчуьрчу Iедало гергарчаьрга. 2010-чу шарахь вахана Полше, амма цигахь тховкIело ца луш, пхи шо даьлча дIавелла Оьрсийчоьне.

XS
SM
MD
LG