ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сом дужуш ду, туьканаш ясcалуш ю...


Дуьненаюкъарчу биржанашкахь мехкдаьттан мах охьабаларцана дайдала доьлла сом. 70 соьмал а лакхабаьлла цхьана долларан мах. Еврох 80-таннал а сов доьху. Оцу хьелашкахь маллуш ю нехан кхача, духар эца йисина таронаш а...

Йохка-эцархоша шаьш даре ма-дарра цхьа кIира сов хан ю цара халонаш ловш йолу. Уьш йоьзна ю цхьаьнаметта,баьрзнашкахь,таппашкахь дуккха а хIумнаш юхкуш болчарна, хIора денна а бохург санна,сом дайлуш пайдабоцчу долуш хиларна, шаьш шайн товар стенах дохка деза цахаарца.

Къаьсттина къоьлла хIоьттина кхечу пачхьалкхашкара схьайохьучу кхачанан сурсатийн. Ур-атталла тахана туьканашкахь каро атта дац Азарбайджанера дохьу чай а.

Нохчаша дааршлахь даар лору жижиг-гала яр а лахделла кху муьрехь а,хьалха санна духкуш дилха цахилар бахьнехь.Туькана долахо ю Новр кIоштан Ищерера Абаева Iайшат. Цо дийцарехь и доллар даздалар бахьнехь юхкучарна а,оьцучарна а хаац шаьш стенах йохка еза а,стенах эца еза а.

Iайшат:» Механ хьалаоьхуш ду. ДIаэцахьара бохуш схьайохьуш хилла котамаш тахана йоцуш ю-кх. Эца бахнарш йоцуш баьхкина-кх. Оха юхайохка 19 туьманах, уггар яккхийнарш 21 туьманах схьаоьцуш яра оха изза котамаш. Оха 25 туьманах йоьхкина котамаш тхун 28 туьманах юхкуш ю-кх. Цунна схьабаьхкина уьш эца бахнарш. 20-30 % лакхабаьхна мехаш. Царна шайна а хаа а ца хаьа шаьш хIун дан деза.»

Юург-мерг йоцуш массо хIума а ду дазлуш,деши биста кхаччалц боху соьга къамел дечу Iайшата. ЦIера йолуш йолчу кIентан йоIана чIагарш,мухIарш харжа уьш Соьлжа-гIала базар бахча Iайшата дийцарехь, «юхкуш яц» аьлла царна бIаьрга а ца гайтина дашо хIумнаш.

Iайшат: « дешин мах хьалабаьккхинера цкъа. Цул тIаьхьа доллар яманан чIиже хьаладахна аьлла хIинца деши гойтуш а дац бIаьрга а. Дашо хIумнаш къайлаяьхна латтош ю-кх. Цкъа сецца мукъана а далахьара и даллар.»

Сом дайлуш Цхьаьнатоьхначу штатийн ахча даздалар гIайгIане тIеоьцу цIахь Iаш болчу пенсахоша. Церан сом дазлора аьлла,жижиган къоьлла стенна хIуттуш ю,хьалха санна дIа дохка ца мега иза бохуш хеттаре буьйлурш дукха бу. Царех ю Теркйист кIоштера хIусамнана Зайбал а.

Зайбал: « Жижиган мах тIекхета бохуш эца атта карош а дац. Бежана ца карайо бохуш жижиг сацийна духкучура. Хьалха санна паргIат да-м дац. ХIуманна мехаш тIедетта пенсеш ма ца туху.Юучунна,молчуна саццаза тIедетташ ду-кх»

Массо хIуманна мехаш лакхадуьйлуш лаьтташ ду, амма алапаш а,пенсеш а, пособеш а тIетоха сиха-м дац Оьрсийчоьнан Iедал боху ка яьлла-яьллачохь йолах болх беш, доьзал хене боккхуш волчу соьлжагIалахочо Хьасанас.

Хьасан: «Ялта а,жижиг а –массо хIума а дазлур ду. Хьалабер боцург хIун мах бу хаьий хьуна? Белхан мах бу-кх. Алапа а, пенсеш а,пособеш а тIекхетар дац хьуна. ТIетоха там бу мацца а цкъа ,хирг хилла даьлча. Масала тIедогIучу шеран бIаьстенан юьххьехь. Кхечу пачхьалкхашка хIун де а ца хьовсу хIорш-м…»

Ирхъоьху доллар бахьнехь чIогIа лестаме девлла ду кхузара мехаш. Массарна а кхаъ а хуьлуш,бепигна тIекхаччалц цкъачунна хийцамза лаьтташ демах дина даарш Маццалц? Цу хаттарна жоп дала охIла стагга а каравац тахана.

Кхунах тера

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG