ТIекхочийла долу линкаш

Шен коалици кхуллуш ву Путин


Исламан пачхьалкх олучу тобанна дуьхьал къийсам латто дуьненаюкъара коалици кхолла дагахь ю Оьрсийчоь. Цуьнах лаьцна дIахьедар дина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира, Владивостокехь Малхбален экономикан форумехь вистхуьлуш. Амма ДаIишан тIемалошна дуьхьал тIеман операцешкахь дакъа лоцур ду оьрсийн эскархоша бохург ала хаьлхе ду аьлла хета цунна.

Путина дийцарехь, Москох Дамаскана алссам гIо деш ю техникица а, герзаца а, говзанчаш Iамош а. Цу хьокъехь 5-7 шаранна лерина контракташ йина шаьш Шеман Iедалшца элира Оьрсийчоьнан президенто. Путин Владимира бинчу хаамца, Исламан пачхьалкх олучу тобанна дуьхьал керла коалици кхолларх лаьцна хаттар цо дийцаре дина телефонехула Iамеркин президентаца Обама Баракаца.

Цул сов, цо цу хьокъехь къамелаш дина Саудин Iаьрбийн пачхьалкхан а, Туркойчоьнан а, Урданан а, Мисаран а куьйгалхошца. Делахь а, Путин чIагIдарехь, Оьрсийчоь дагахь яц Iамерко куьйгалла дечу коалицина юкъаяха.

XS
SM
MD
LG