ТIекхочийла долу линкаш

Путин: Асадна гIо оха дина, дийр а ду


«Исламан Пачхьалкх» шайх олу тоба эшалур яц Шемин Iедална гIо ца дахь, аьлла Путин Владимира. И цо бохура Таджикичтанехь визитехь волуш шинарийдийнахь. Оьрсийчоьно Шемин президентна Асад Башарна дан а дина, дийр а ду гIо, элира Путина.

Бакъдац, Кремло Шемина гIодар совдаккхаро цигара эмиграци естийна бохург, и гIо деш ца хилча уьш кхин а дукха хир бара Европехьа уьдуш, бохура цо.

ДIахьедар хеза дуьнено Кремло Асадехьа йоху гIулчаш емал еччу муьрехь. Iамеркан инарлаша кIирандийнахь даржийра, Шемарчу Латакия гIалина гергахь тIеман кеманийн база хIоттош ю Москох, аьлла. Оцу базанна тIелата некъ лаьцна «Исламан Пачхьалкх» тобанашкарчу нохчийн жамаIаташа, бохуш а хеза дуьненан прессехь кху деношкахь.

XS
SM
MD
LG