ТIекхочийла долу линкаш

ГIажарийчоьнна бехкбиллина Пан Ки Муна


Кхелан сацам кхочушбеш дахначу кIиранах ши кхиазхо верна ГIажарийчоьнна бехкбиллина Цхьанакхеттачу Къаьмни йн организацин инарла секретара Пан Ки Муна. 16 шо долчу СалбехIи Фатимина бехкедина цо ша ницкъаша маре йигина шен майра вер.

Ткъа ЗахIаби Самед вийна, цо шен 17 шо долуш шайн лулара жаIу верна. Вен кхачийна ву ГIажарийчохь 160 кхиазхо, ткъа кхушара вийна 700 сов жимха, иза ирча хьал, аьлла дIахьедина адаман бакъоларъечу Амнести Интернейшенало а.

Шен дIахьедарехь Пан Ки Муна боху, ТехIерано дуккха а хан хьалха буха куьг яздина кхиазхой бойур бац аьлла дуьненанюкъарчу шина конвенцина, амма лар ца до тIечагIдина низам.

XS
SM
MD
LG