ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Таисас ца дитина Кремло шена дина зулам


Котар-юьртарчу яхархочун Абакарова Таисин гIуллакх а листина, цуьнгахьа сацам тIеэцна Европан кхело. Котар-юьртара, тIамах бевдда боьлху цуьнан гергара нах Оьрсийчоьнан эскархоша хIаллакбинера. Абакарова Таисина хилла зе меттахIоттош, 300 тысяч (кхо бIе эзар) евро гIуда такхар а тIедиллина Оьрсийчоьнан Iедалшна.

«Абакарова Оьрсийчоьнна дуьхьал» олуш долу Европера адамийн бакъонашкахула кхело листина дов, шен башхалла йолуш ду, иттанашкахь хIинцалц иштта сацам бинчарех.

Оьрсийн эскархоша бинчу тIаIаткъамна тIеман прокуратуро а бинера Котар-юртахь маьрша нах байъаран хьокъехь таллам. Амма, иза чакхадаккха а, я бехке берш жоьпе озо а ца лиира.

2000-чу шарахь Iай гуо бинчу Соьлжа-гIалара арабевлла тIемалой йистехь Iуьллучу ярташкахула лаьмнашка дехьабовла гIоьртинера. Котар-Юьртара бахархой сихонца шай хIусамашкара арабевллера, цигахь а тIом хир буйла хууш.

Царна юккъахь бара Абакарова Таисин доьзал а: да, нана, ши йиша, ваша а. Машенца уьш боьлхучу хенахь, хIаваъ кеманаша а, яьккхий тоьпаша а тохарш динера.

Таисин доьзалера шаверг вийнера. Шен йоьIан оцу хенахь исс шо дара. Ягийначу, кегйиначу меженашца, чIогIа лазийна дарбанан хIусаме кхачийнера иза хIетахь.

Шен махкахь нийсо кара цаечу Абакарова Таисина гIо-накъосталла дина, даиманна санна, бозуш боцучу бакъоларъярхоша.

Бакъоларъяран «Мемориал» центран белхахочо Коротеев Кирилла иштта дийцира оцу гIуллакхах лаьцна.

Коротеев: «Котар-Юьртан гIуллакх шен башхалла йолуш ду. Иза доьзна ду шолгIа тIамехь хIаваъера динчу тохаршца. Иза, ма дарра дийцича, чIогIа дукха документаш долуш ду. Цигахь зе хиллачеран тоьшаллаш хиларал сов, тIеман талламхоша цу тIехь болх бина а ду. Оцу документашна тIе а тоьвжина, кхело луьра сацам бина, хIаваъера и тохарш а, таллам ца бар а емал деш».

Хилларг талла долийначу хенахь официала хьосташа дуьйцуш дара Котар-юьртахь вийнарг 46 а, лазийна 53 стаг ву аьлла. Шаьш бахархоша, мел лаххара а I50 маьрша стаг вийна бохуш, терахьаш даладора.

Абакарова Таисин гIуллакх дуьххьарлера дац, оцу юьртарчу наха делла, бохуш кхин дIа а дуьйцу юрист-бакъоларъярхочо Коротеев Кирила.

Коротеев: «Ала деза, дуьххьара сацам бара 2005 шарахь. «Исаева Оьрсийчоьнна дуьхьала» цIе йолуш. Цул тIаьхьа, «Абуева а, кхиберш а, Оьрсийчоьнна дуьхьал».

ХIинца, 2015 шарахь, Абакарован гIуллакх а ду. Оцу гIуллакхехь йолчу халоно гойту, муха болх беш бу вайн таллам.

Исаеван а, Абуеван а гIуллакхаш чекхадевлча, таллам юха болабора. Цхьа кегий, маьIне боцу талламаш а бой, тIаккха сацабора».

ТIаьххьарчу шерашкахь Оьрсийчохь айдина дуьйцуш ду, Европера адамийн бакъонашкахула кхело беш болу сацамаш кхочуш бан оьшуш дац, аьлла.

Амма долчу низамаша иза дан бакъо ца ло, пачхьалкхо тIелаьцна ду, Лаккхарчу оцу кхело листинарг къобал а деш тIеэца, бохуш билгалдоккху юрист-бакъоларъярхочо Коротеев Кирилла.

Коротеев: «Юкосан" гIуллакх доцург, кхечу гIуллакхашна кхело тIедожийна долу ахча дIалуш ду, суна хетарехь. Нохчийн гIуллакхашна ахча дIалуш ду. Кхин хIума ду кхузахь, кхочуш даран хьокъехь - цхьа а стаг вац жоьпе озийна, цхьа гIуллакх а дац кхеле кхачийна. Талламо цу гIуллакхан а, кхечу гIуллакхийн хьокъехь дечо гойту, цуьнан говзалла ца хилар».

2005 шарахь дуьйна, Европера адамийн кхело теллинчу «нохчийн гIуллакхийн» хьокъехь 250 ца кхоччуш, Оьрсийчоь бехке еш, сацамаш тIеэцна.

ХIинца а луьйстуш ду уьш шортта. Дукхах дерш ду наха, шайн коьрта бакъо Iедалша йохийна аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG