ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Британига тховкIело еха дагахь ву Ходорковский


Оьрсийчохь мехкдаьттан магнат хилла а, набахтехь I0 шо текхна волчу оппозиционера Ходорковский Михаила ша Британига политикан тховкIело еха тарло шена Кремлера тIебоьссина кхерам чоьте а оьцуш, аьлла дIахьедина Би-Би-Си радиона интервью луш.

Кхаарийдийнахь, цо Путинна рогIера критика йина массех де даьлча, иза лаца кхайкхийна Оьрсийчоьнан низамхоша. ХIинца иза Талламан комитето бехкево цо ткъеха шо хьалха стаг вен ницкъаш арабахарна а, массех бизнесхочунна кIелояйтарна а. Би-Би-Си радиочухула къамелдеш Ходорковскийс элира: «Путин кхоьру со бахьанехь, аьлча а, соьгара ша схьабаккхийтина бахам суна меттахIоттош, Европера шен гонан хьал дуьненаюкъарчу кхело дIалацарна.

Ткъа политикан маьIнехь кхоьру, 20I6-чу шарахь хуьлучу Оьрсийчуьрчу президентан харжамашкахь ас демократигахьа болчу кандидаташна гIодарна». Кремлан векалша кхаарийдийнахь харцйина Ходорковский лаца ордер ялийтинарг шаьш ду бохуш яьржина ойла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG