ТIекхочийла долу линкаш

Декхаро вийна стагга а вацахь а...


Соьлж-ГIалин бахархошкара кхочучу хаамца, шахьарахь суьйренаш а, буьйсанаш а хьо балха тIехь гIалин коммуналан белхахоша, аьлча а, цигарчу ялгулъярхоша.

Мехкан администратора Кадыров Рамзана, Нохчийчоьно шена тIера хинан, тоькан, газан декхар кхо кIира далале охьадилла деза аларца доьзна, де-буьйса а доцуш хIуьтту декхархойн неIаршка коммуналхой.

Ахча дIа ца делларш цара шаьш дIабоьлхуш, дахаран хьелаш дIа а лакъадой буьту, бохуш до наха аьрзнаш. Соьлж-ГIалин мэрино даржийначу терахьо бахарехь, эха шерачохь шахьаран бахархоша тIехьарчийна тоьках, хих, газах дIадалаза 200 миллион сом.

XS
SM
MD
LG