ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Даржаш дукха ца хуьлу, гергарнаш хуьлу дукха...


Нохчийчохь хьаькамаш балхара бохабар а, кхела хьалха хIиттор а шеконашца туьду бахархоша

Балхахь лара ца велла, шена пайденна хьарамлонаш я харцонаш лелийна хьаькамаш балхара бохабар а, кхела хьалха хIиттор а керла дац цхьана кIоштехь а, я Нохчийчохь а.

Бакъду бахархоша шеконца туьдуш нисло, цхьаболу хьаькамаш даржашкара мукъабахар а, цу дарже тIейогIучу ханна юха дог ца дахийта санна, кхела хьалха хIиттор а.

Нисса ши шо хьалха, газ дIаихна са а дукъделла, Гуьмсан кIоштехь цхьа зудий, кхо беррий даларна бехке веш, Гуьмсан кIоштан ОАО «Чеченгаз» урхаллин хьаьакамна Далахажиев Русланна дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакх суьде кхачийна талламхоша кху деношкахь.

Кхо-диъ де хьалха Нохчийчуьрчу Талламан комитетан хьостано хааме даккхарца ша цу кIоштехь ягочу газан урхаллин хьаькам волуш Далахажиевс кхачо йоллуш само цаяр бахьнехь нах белла.

Низамхоша цуьнга кховдийна бехк нийса ца лору, ур-атталла Iожалло баьхьначеран гергарчара а. Селхана даржехь хилла вахархо кхела хьалха хIоттор, боцу бехк тIетеIор санна кхетадо цхьаболчу бахархоша а. Иштачех ву Гуьмсан кIоштера вахархо Шарпудди а. Цо довзуьйту оцу хьокъехь шена хетарг.

Шарпудди: «КIоштехь яго газ латточу урхаллин хьаькам кхеле ийзавар суна тамаше хета. Цул хьалха жоп дала безарш дукха ма бу: инженер, масала. Цигахь кхин бахьана хила тарло. Шортта кара рицкъ догIуш меттиг иза хиларе терра, цхьана хьаькамна и меттиг мукъаяккха дагадеъна, шен стаг дIахIотторхьама.

Ишта хIумнаш кхузахь кест-кеста деш ду, лакхахьболчарна хаа а ца хууш.Суна хетарехь и ду Гуьмсехь деш дерг а».

Гуьмсан кIоштехь яго газ латточу хьукматан хьаькам балхара вохаварх а, кхеле озаварх а шен дог-ойла йойзийтина Шарпудди цIе йолу вахархо тешна ву «сов ваьлла» хьаькам цу кепара даржера вохавар кхузахь хийра дац, аьлла. Хетарехь деш долу къамелаш доцург бакъдерг муха ду ала, хала ду.

Делахь а, шеко йоцуш чIагIдан таро ю, шортта хеттарш а кхоллалуш, телевизионехь гойтуш а, ца гойтуш а, балхара бохош болчу хьаькамийн тIийриг хедаш яц аьлла.

Цу могIарера лара тарлуш кхин цхьа дов а кхеле кхачийна низамхоша чекхбаььлачу беттан 28-чу дийнахь. Махкарчу Талламан комитетан хьостано Iорадаккхарца, шена дуьхьал Ленинан кIоштан низамхоша бехктакхаман гIуллакх долийнарг ву пачхьалкхан «Беркат» цIе йолчу хьукхматан хьаькам.

Талламхоша гулдинчу тоьшаллашца, кхо шо хьалха цо 70 эзар сом сов барамехь 3-4 беттан алапаш ца луш йитна ши белхало, и дIакхачо шен таро хиллашехь.

Стенна аьлча, и гIуллакх зерахоша билгалдаккхарца 2012-2015 шерашкахь цо куьйгалле дечу урхаллина хилла са 24 миллион соьмал сов хилла.

Кхузар белхалошна алапаш дIа ца дала бахьана ца го талламхошна.

Говзанчаша дийцарехь нагахь кхело куьг бехке лору хьаькам таIзарх хьалха ца валийтахь, цунна кхаа шаре кхаччалц хан тоха тарло, кхин оццул хенахь даржехь хилар дехка а доьхкуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG