ТIекхочийла долу линкаш

Таро ца ло шемахошна гуманитаран кир тIекхачон


Оьрсийчоьно а, Шемано а Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин машарх йолу резолюци йохийна, амма бертан къамелаш юхадолон кхидIа а дуьйцуш ду, дIахьедина Iамеркан Штатийн пачхьалкхан секретара Керри Джона. “Оьрсийчоьно соьга бахарехь, иза кийча ю тохарш совцо, ” – элира Керрис Вашингтонехь журналисташка пIераскана. Цо бахарехь, гIажарой а реза хилла шайн агIор тIом сацон, ткъа оьрсаша шайн машарабаран кеп а кховдийна.

“Амма хIара доллу къамелаш а, бомбанаш а етташ, дийцарш латторхьама деш делахь, иза а деношкахь хир ду гуш,”- бохура Iамеркан дипломатин лидеро. Чиллан-беттан 3-чохь жамI а доцуш хедда бертан дийцарш Женевехь, бехкениг Оьрсийчоьно Шемина тIе ракеташ а, бомбанаш а еттар цасацор бахьанехь. ХIоьттинчу хьоло таро ца ло дуьненаюкъарчу хьукматашна балехь бохкучу шемахошна гуманитаран кир тIекхачон.

XS
SM
MD
LG