ТIекхочийла долу линкаш

Миграцин политика нийса яц


Желтойчоь --Балканан мехкийн дозанашца хан токхуш стигал кIел беха мигранташ, 01Заз2016

Желтойчоь --Балканан мехкийн дозанашца хан токхуш стигал кIел беха мигранташ, 01Заз2016

Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин мухIажиршкахула йолчу агенталло а, Лакхарчу комиссаран урхалло а емалйо Европа, цо тIе а ца оьцуш, Желтойчохь 24000 мигрант IаIийтарна. Мехкаша юкъаяьхначу мигранташ дозанах чекхбовлийта юхьараэцначу керлачу кепаша дохадо Европан юкъара низамаш.

Комиссаран урхаллин пресс-секретара Эдвардс Адриана Маршо Радионехула дIахьедина шинарийдийнахь, Европа «ша кхоьллинчу гуманитаран кризисна йистехь лаьтта», аьлла.

Кхушеран шина беттачохь 130000 сов мигрант ваьлла Iаьрба мехкашкара Дуьненаюкъарчу хIордах чекх, ткъа царех доккха дакъа сацийна кхобу Желтойчоьнал дехьа ца долуьйтуш. Цигахь бисина нах дахаран хьелаш, кхача а боцуш. И хьал деха сецалур дац – хила тарло цхьацца инциденташ, боху Цхьанакхеттачу къаьмнийн организацин хьукматхоша.

XS
SM
MD
LG