ТIекхочийла долу линкаш

Германино къобалйина эрмалойн геноцидах резолюци


Германин парламентан лахарчу палатано къобалйина Дуьненан хьалхара тIом боьдуш туркойн Iосмалойн империно эрмалошна геноцид ярах йолу резолюци. Бундестаго кепана тIеэцначу документо чIагIдо, 1915-чуй, -16-чуй шерашкахь туркоша эрмалой а, керста дин лелочу кхечу кегийн къамнийн векалех а 1,5 миллион адам хIаллакдина, аьлла.

Резолюцина дуьхьал хилла цхьа депутат, кхин а цхьаммо ца къадош дитина хетарг. Сацам тIеэцарцана Туркойчуьрчу 24ТВ канало бинчу хаамца, Хонкаро цIакхайкхина шен Германера векал, цунна хьехамбан. Туркойчоь дукха хенахь дуьйна шогга дуьхьал лаьтта ша эрмалошна геноцид латтийна бохучунна.

Туркойн арахьарчу гIуллакхийн министро Чавошоглу Мевлюта, Бундестаго резолюци тIеэцарцана аьлла, «немцошна дицделлачух тера ду шайн эхье иэс». Вице-премьеро Куртулмус Нумена немцошкара исторехь дуьсур долу гIалат даьлла, боху.

XS
SM
MD
LG