ТIекхочийла долу линкаш

ГIаттамхошца уьйр хиларна бехкево гIалгIай


Оьрсийчоь -- ГIалгIайчоь

Оьрсийчоь -- ГIалгIайчоь

ГIалгIайчуьрчу 50 шо долчу вахархочунна Кодзоев Мовлана дуьхьал бехктакхаме гIуллакх даьккхина Назранан кIоштан кхело.Таллачаша чIагIдарехь, гIаттамхошца уьйрехь лаьттинчу Кодзоевс лело бакъо йоццушехь дохка-эцарца пайда оьцуш хилла герзах. Кавказан узел агенталлан хаамашца, Кодзоев Мовла дахначу шарахь шеконаш кхоллаелла Iедало лаьцна, зуьйш, левеш хилла.

Кху шеран Стигалкъекъа бутт бовш цуьнан гIуллакх теллинчул тIаьхьа кхеле кховдийнера, кхи дIа болх дIабахьа. Кхело набахтехь яккха 8 шо хан кхайкхийна бехкевечунна.

XS
SM
MD
LG