ТIекхочийла долу линкаш

НАТО сема ю Оьрсийчуьрчу кхерамна


Белги -- НАТО-н секретар Столтенберг Дженс къамелдеш ву НАТО-н тIеман министрийн вовшахкхетар чекхдаьллачул тIаьхьа пресс конференцехь, Брюссел, 2016-чу шеран мангал-беттан 13-гIа де.

Белги -- НАТО-н секретар Столтенберг Дженс къамелдеш ву НАТО-н тIеман министрийн вовшахкхетар чекхдаьллачул тIаьхьа пресс конференцехь, Брюссел, 2016-чу шеран мангал-беттан 13-гIа де.

Оьрсийчоьнан кеманех хIаваан доза лардахьама регионехь ракетийн турс кхоллар хьашт хилларан хьокъехь дийцарш дIадолийна кхаъ Балтикан пачхьалкхо а, Полшо а. Лондонерчу Файненшал Таймс газето Литван тIеман министеран Олекас Джуокасан далийначу дешнашца Эстони а, Латви а, Литва а, Полша а дийцарш дIахьош ю регионан хIаваа-лардаран система кхолларх лаьцна. Олекса дийцарехь НАТО-н юкъабогIу и биъ мохк тахана система эцаран аьттонаш толлуш ю. Цара догдоху и система 2-3 шеран йохаллехь болхбан йолаяларе. Балтикан ХIордан йистонца Iуьллучу Калининград гIалахь Оьрсийчоьнан эскарийн терахь алсамдаларна саготта ю и 4 пачхьалкх. Цул сов, Олекс шаьш Оьрсийчоьнан хIаваан кеманца йолу дуккхалла регионехь шайнчул алсам хиларна саготта ду элира. Товбеца беттан юьхьехь Варшавехь хин йолчу НАТО-н саммитехь, цу тIеман вовшахкхетараллин куьйгалхой кхин а алльянсан эскарш НАТО-н малхбалерчу дозанна гергга дIатарбаран хьокъехь сацам бан лерина бу. Оьрсийчоьно тIаьхьарчу хенахь цу регионера шен эскарш чIагIдаранна жоп ду НАТО-с малхбалерчу дозанан хьокъехь дIаяхьа лерина гIулчаш.

XS
SM
MD
LG