ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

10 стаг вийна Дагестанехь хиллачу тIематасадаларехь


Лаххара а 10 стаг вийна Дагестанехь леррина олу тIеман операци дIахьош. Царах ялх тIемало ву, важа виъ меттигерчу ницкъаллин структурийн белхахо ву бохуш чIагIдо Iедалша. Цара бинчу хаамца, кхин а 6 полисхо герз кхетта ву. Дийцарехь, масийтта тIемалочуьнан аьтто баьлла къайла вала тIематасадалар хиллачу меттера.

Меттигерчу терроран дуьхал йолчу комитето бинчу хаамца, байина болу нах тIелетарш дан кечлуш хилла. Талламан операци дIахьош тIематасадаларш хилла Сулейман-Стальскин а, Дербентан а, Табасаранан а кIошташкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG