ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

НАТО-н саммит йолаелла Варшавехь


Полша -- Обама Барак, НАТО-н саммит, Варшава, Товб.8, 2016.
Полша -- Обама Барак, НАТО-н саммит, Варшава, Товб.8, 2016.

Шина денна лерина НАТО-н саммит йолаелла ПIераскан дийнахь Полшин коьртачу гIалахь Варшавехь. Шийла тIом дIабирзинчул тIаьхьа уггаре а мехала хила мегаш ю Къилбаседа Атлантикан тIеман альянсан и форум аьлла дIахьедар дина цигахь дакъалоцуш волчу Iамеркин президенто Обама Барака.

Financial Times газетана ша еллачу интервьюхь цо билгалдаьккхина кху саммитехь НАТО-но ша кийча хилар гайта деза муьлхха а цуьнан декъашхо йолу пачхьалкх ларъян аьлла.

Обамас дIахьедар дина Оьрсийчоьнна дуьхьал кхайкхийна санкцеш дIаяха ца еза, цо Минскехь бина барт буьззинчу барамехь кхочуш баллалц аьлла. Iамеркин лидеро хайитина ша кхин дIа а Украинина гIо дан дагахь хилар, цу пачхьалкхан суверенитет а, территорин цхьаалла а ларйеш.

Цул сов, Обамас билгалдаьккхина Вашингтоно а, Лондоно а ша-тайпа гергара юкъаметтигаш лелор дуьсуш хилар. Цо ша сатесна ву аьлла Британи юьсур хиларх Европера кхерамазалла ларйеш доккха дакъалоцу пачхьалкх санна, ша Евробертана формалан кепара юкъараялахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG