ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Малхбузерчу нахана ца магадо ОвхIанистане баха


Герат олучу ОвхIанистанан провинцехь кхечу пачхьалкхашкара баьхкина 6 турист а, уьш дIасалелон шофер а лазийна герзах боьттинчу наха динчу тIелатарехь. Бу царлахь 8 британхо, 3 Iамеркхо, Германера цхьа вахархо а. Метигерчу Iедало хаамбина, тIелатар Чешт-е-Шариф кIоштахь дина аьлла.

Оцу меттиге оьзна полисхойн эскарш. Кху сохьта цхьана а террорхойн тобано шена тIе ца лаьцна зулам. Малхбузерчу векалаллаша шайн пачхьалкхийн бахархошна ОвхIанистане бахар ца магадо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG