ТIекхочийла долу линкаш

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Обама Барака Шемара конфликт ерзорехь Оьрсийчоьнца гергарчу хенахь барт цахиларх дIахаийтина кIирандийнахь. Шемара тIом сацорхьама билггал дан оьшу гIуллакхаш кхочушдарехь, Обамас бахарехь, шина пачхьалкхан цкъачунна барт ца хуьлу.

Муьлхачу тобанашна дан деза кеманашца тохарш, хаттар а къастоза ду. Вашингтонан а, Москохан а дийцарш дIадахдина. 2011-чу шарахь болийна Шемара тIом. Iамерко а, Оьрсийчоьно а некъаш лоьху вовшахкхетта, цхьаьна ерзон Шемара конфликт, оцу регионерчу ДАIИШ тобанашца къийсам латтош.

Iамерко масийттазза емалйира Оьрсийчоь, Вашингтоно гIортор латточу оппозицин ницкъашна хIаваъ кеманашца тохарш дарна.

XS
SM
MD
LG