ТIекхочийла долу линкаш

КIирандийнахь, Белорусин парламентан харжамашкахь 110 депутатан меттиг къовсуш вара 520 кандидат. Коьрта интрига ю оцу бараман – оппозици юьтур ю я яц Iедале, хIун мах хадор бу харжамийн Малхбузерчу тергамхоша.

Хьалха хиллачу харжамашца дуьстича, кху болехь опоозицинераш бац харжамашна бойкот еш, цара массанхьа а жигара дакъалаьцна кху муьрехь – кандидатех кхоалгIа дакъа ду оппозицера.

Амма дукхахболчу Iедална дуьхьаллаьттачу партийн, боламийн лидерша дIахьедина, шайн вуно кIезиг дегайовхо ю парламенте кхача, аьлла. Царна хетарехь, кхаьжнаш лечкъош а, багар ца беш а, тоьлурверг хьалххе мила ву хууш хьал ду махкарчу харжамашкахь.

XS
SM
MD
LG