ТIекхочийла долу линкаш

Дуккха а хан ю нохчийн альпинистийн тобано, кху дуьненахь уггаре а лекха Эверест лам баккха кечамаш бен. ХIинца шаьш цунна кийча ду боху цара. Амма шайн и лаам кхочуш маца хир бу ала ца хIутту уьш.

ХIора минотехь Iожаллан йистехь а лелаш, лам боккхуш кхолладелла доттагIалла, дохалур дац цхьанна а бахьанашца. Цундела, нохчийн альпинистийн кхоллаеллачу тобано, дуккха а шераш ду, шайх муьлхачу а стагана луург - Эверест лам баккха кечамаш бе.

Тахана, уьш кийча а бу, дуьненахь уггаре а лекха ломан буьххье а девлла, цигахь нохчийн лар йита.

Церан аьтто балахь, уьш дуьххьара хир бу, Нохчийчура цига кхаьчнарш.

Оцу тобанна юкъахь волчу Бугаев Максимца къамел дира Маршо Радионо. Халахетарца билгалдоккху цо, цу хIуманна тIехь Къилбаседа Кавказерачу республикашна юккъахь Нохчийчоь тIаьхьарчу меттехь хилар.

Бугаев: «Эверест яьккхинчу альпинистийн клуб» олуш ю. Цу юкъахь Къилбаседа Кавказерачу массо а махкара бу, ткъа, Нохчийчура а, Дагестанера а вац. Тхуна лууш ду, альпинизм тIехь вайн кхиамаш хуьлийла. Вайн махкахь, кхо стаг билгал вуй хаьа суна, Эверестан буьххье вала, могашалла йолуш».

Эверест лам баккха, массо а агIор хала ду. Амма схьагарехь, цул а хала хилла, цига кхача а, тIевала оьшу ахча вовшахтоха. Цхьана стагана, мел лаххара а 60 эзар доллар оьшу цу гIуллакхна. И харж ян, аьттонаш болуш а бац нохчийн альпинисташ, аьлла кхин дIа а дуьйцу Бугаев Максима.

Бугаев: «8 чакхармалла тIех йолу лакхе, альпинисташ олу-кх иза «Iожаллийн зил» бу. Цу тIехь ахь 24 сахьталла сов хан яьккхича, хьо цу тIехь вуьсуш ву. Кхерам болуш а, хало йолуш а бу и лам. Амма вай дIадовзийта а, вайн лаам дIахаийта а лаьара тхуна.

И лам лекха хилар-ахчанца шен халонаш йолуш бу. Оцу лома буьххе вала еккъа бакъонех 12 эзар доллар мах бу.ТIаккха, хIора тIегIанехь а дала деза дуккха а ахча. Тхан таро яц оццула харж ян».

Нохчашна Дала схьабеллачу кху махке хаьжча, цуьнан инзараллех а, башхаллех а цецваьлла ца волу ша боху Бугаев Максима. Нохчийн лаьмнашкахь санна, цхьанна а меттехь шена хазалла гина а яц, элира цо.

Бугаев: «Лаьмнаш-цамгар ю. Вайн-м иза цIийца ю. Со дукха лаьмнашкахь хилла кху дуьненахь. Амма Нашха а, ГаланчIож а, Ведана а, инзаре хаза меттигаш ю. Даханчу кIирнахь тхо дахнера ГаланчIоже вахнера. Исбаьхьаллийн хазалла цигара ас дукха хIума делча ас хуьйцур дацара».

Эверест лам баккха кечам бинчу нохчийн альпинистийн, хIетте а дегайовхо ю, шайга гергарчу заманахь и Iалашо кхочуш ялур ю аьлла. ТIаккха, оцу буьххехь дIайогIура ю нохчийн байракх а, буьйцур бу нохчийн мотт а.

XS
SM
MD
LG