ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьно вето кхайкхийна Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Кхерамазаллин Кхеташонан резолюцина


Iамерка -- Оьрсийчоьнан векал Чуркин Виталий а, Венесуэлан векал Рамирез Рафаэл а дуьхьал вара Алеппора хьал дIанисдан Францино кечйинчу резолюцина, Нью-Йорк, ГIад. 8, 2016

Iамерка -- Оьрсийчоьнан векал Чуркин Виталий а, Венесуэлан векал Рамирез Рафаэл а дуьхьал вара Алеппора хьал дIанисдан Францино кечйинчу резолюцина, Нью-Йорк, ГIад. 8, 2016

Оьрсийчоьно вето кхайкхийна Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан кхерамазаллин кхеташонан резолюцина. Цуьнца а догIуш, доьхкуш дара Шемарчу Алеппо-гIалана тIехула тIеман кеманаш лелар.

Францино кечйина Британино гIортор йина и резолюци тIеоьцуш кхаж тесна кхерамазаллин кхеташонан 11 пачхьалкхо. Дуьхьал хилла Оьрсийчоь а, Венесуэла а. Кхин а ши пачхьалкх кхаж ца тосуш сецна.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Кхерамазаллин Кхеташонан даиман а йолу декъашхо ю Оьрсийчоь ю, цундела цо дуьхьал кхаж тасар лоруш ду вето кхайкхор санна.

И документ дийцаре дале Францин президенто Олланд Франсуас дIахьедар дира цунна вето кхайкхийначу пачхьалкхо дерриг а дуьненан бIаьргашкахь шех тешам бойур бу аьлла.

Оьрсийчоьно кечйинера шен резолюцин проект - Алеппора тIемалой арабаха Iалашо йолуш. Амма цунна дуьхьал хилира Кхерамазаллин Кхеташонан 9 пачхьалкх. 4 - реза яра, ши пачхьалкх кхаж ца тосуш сецира.

XS
SM
MD
LG