ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Парижехь теракташ динарг адвокат воцуш висина


Дахначу шеран Лахьан-баттахь Парижехь теракташ дарна бехкевечу Iабдесалам Салахьан адокаташа тIе ца эцна кхелехь цуьнан агIо лацар. Кхаарийдийнахь Францин телехьожийло BFM TV-с бина и хаам. Адвокаташа бахарехь, Iабдесалам дуьхьал ву кийтарлоян.

Ткъа хилларг ма-дарра дийцар, адвокаташа тIебожийна биллам бара цунна. Iабдесаламна кхи юристаш ца карабахь, Iедало ша хIоттор ву цунна керла адвокат.

Талламчашна хетарехь, Iабдесалам цхьаъ ву дахначу шарахь 130 стаг а вуьйш тIелатар динчех дийна висинарг. Бехкевийриг Брюсселехь лаьцна, цул тIаьхьа Францига дIавелла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG