ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоь тIелата дагахь ю Шемина


The Times агенталло, Малхбузерчу къайлахчу сервисийн хаамашна тIе а тевжаш дIахьедо, кху кIиранах Оьрсийчоьнан эскарша Шемарчу Алеппо гIалина тIелатар долор хиларх. Зорбанашна хетарехь, Iамеркехь дIабахьа лерина президентан харжамаш бахьанехь, Вашингтонан арахьарчу политикан жигаралла малъеллачуьра, Алеппо схьаяккха Iалашо лаьцна президенто Путин Владимира.

Оьрсийн тIеман хIордан а, хибухула лелачу а кеманашца цхьаьна «Адмирал Кузнецов» авиахикема а ду Шемин хийисте некъ юьхьарлаьцна. Алеппохь бомбанаш еттарца тIеман зуламаш до аьлла бехкейира Оьрсийчоь Малхбузено.

Де хьалха бакъонашларъярхоша хаамбарехь 40 маьрша вахархо вийна оцу Шемин гIалахь Iедалан эскаран а, гIаттамхойн а кхийсаршкахь

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG