ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дадин Илдарна тIехь Iазап латтадо набахтехь


Оьрсийн оппозицин жигархо Дадин Илдар.
Оьрсийн оппозицин жигархо Дадин Илдар.

Оьрсийчуьрчу Талламан комитето зен долийна набахтехь латточу жигархочунна Дадин Илдарна тIехь ницкъ беш, Iазап латтийна аьлла, кхаьчна арз.

Хьалхо Путин Владимиран пресс-секретаро дIахьедира, Дадинна тIехь лелийначу Iазапех президенте хаамбийр бу аьлла. Шинарийдийнахь Дадин Илдаран адвокато Iорадаьккхина, ШИЗО олучу гIудан изолятор чохь шегахь Iазап латтийнийла жоьпахочо схьахаийтарх.

«Нахана юккъехь резадацар кхайкхош барамаш дIабахьарна» олучу низамца дуьххьара Оьрсийчохь набахте хьажийна жигархо ву Дадин Ильдар.

Дахначу шарахь набахтехь яккха 3 шо хан кхайкхийна Дадинна. ШолгIа хиллачу кхело хан ши шина шаре эха шаре охьаяьккхира. ГIадужу-бутт бовш гIарадаьлла Дадин Илдар ШИЗО-хь латтош вуйла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG