ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчуьра делегаци, коьртехь Кадыров Рамзан а волуш, Бахренехь ю, аьлла хаам баржийна “Интерфаксо”. Кадыров цига вахна цу пачхьалкхан паччахьо Хьамад Бен Iиса Аль Халифа кхайкхийна. Кхаарин дийнахь Iуьйранна Кадыровна дуьхьал вахара арахьарчу гIуллакхийн министр. Кадыров цхьаьнакхета лерина ву цу пачхьалкхан паччахьца а, принцица Салман Бен Хьамад аль Халифца а, премьер-министрца Халиф Бен Сальман Аль Халифца а, кхечу даржхошца а.

Кадыровца цхьаьна цига вахна сенатор Сабсаби Зияд а, Нохчийчоьнан министрийн куьйгалхо Эдилгириев Абубакар а, парламентан куьйгалхо Даудов Мохьмад а, пачхьалкхан думан депутат Делимханов Адам а.

Уьш дийцаре дан дагахь бу экономикан а, инвестицийн хаттарш а, регионехь кхолладелла хьал а.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG