ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Там-мах беш, Нохчийчохь юкъадаьккхинчух масал оьцуш ю ГIалгIайчоь


Гlалгlайчоьнан лидер Евкуров Юнусбек, 2011
Гlалгlайчоьнан лидер Евкуров Юнусбек, 2011

ГIалгIайн махкахь тергоне эцна тIеэцначу иммунодефицитан синдром олуш йолу цамгар шуьйра яьржаш хилар. Дукха хьолахь, лоьрийн гIалатах я цIий дуттуш йолу и цамгар. Керла болийначу доьзалехь и цамгар цхьаннен юй ца хааро, кхин цхьа стаг цомгуш во. Кхин цхьа тайпа ду иза яржош – наркотикех пайда оьцурш. Юкъараллина зуламе даьлла и гIуллакх сацон Iалашонца, ладаме гIулчаш дагахь ю гIалгIайн Iедал. Нохчийчохь санна, маре йоьдучуо а, зуда ялочуо а тоьшаллаш дала дезар ду мах бечу имаме, шаьш могуш хиларн тIечIагIдеш долу.

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека и дIахьедар динера, наркотикашна дуьхьало ечу комитетан тIаьххьара хиллачу кхеташонехь. ТIеэцначу иммунодефицитан синдром олу, дарба доцуш йолу цамгар ГIалгIайн махкахь яьржина схьайогIуш хилар билгалдаьккхина цигахь. Масала 500 сов эзар стаг вехачу оцу махкахь и цамгар кхетта, официала терахьашца 900 ца кхоччуш стаг ву. Иза кхерам болуш барам болун дела, и хаттар тахана айдина ГIалгIайн махкахь. Тахана-кхана оцу хьокъехь хIара дийр ду аьлла хIума юкъа доккхура дац шаьш, амма, и гIуллакх лерринчу тидамехь хир ду элира Маршо радиога вистхуьлуш ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека.

Евкуров Юнус-Бек: «Тхан Iалашонехь дац, иза тIе а дуожош дан. Дича дика хир дара бохучу тIегIан тIехь хила мега иза. Оха ишшта толлур бу, кхечу регионашкахь а пачхьалкхашкахь а, оцу цамгарца латтош болу къийсам. Коьрта Iалашо оцу хIуманна ю - цомгушчара хууш а, ца хууш а, могуш берш цомгуш ца бар. Оха мухха а дахь а, наха зударий а балор бу, маре а оьхур бу, цундела и таллам бича дика хира дара бохург ду».

ТIеэцначу иммунодефицитан синдроман дуьхьала болх жигара баккха безаш хилар даре до ГIалгIайн махкара АнтиСпид цIе йолчу центран куьйгалхочо Бекмурзиева Луизас. Кхана-лама, адамийн бакъонаш хьошуш ю аьлла аьрзанаш ца дайта, некъ лаха беза оцу хIуманна боху цуо.

Бекмурзиева Луиза: «Низамашца дуьстича, кхин а ойла ян езаш хIума ду иза, хIунда аьлча, адамийн бакъонаш йохош ю ма олий. Ткъа лоьрийн агIорара дийца даьккхича, таханлерачу дийнахь 211 зуда ю тхо долчехь хьесапдина. Марехь майроша цомгуш бина нах бу уьш. Тхуна хетарехь кхиъ ойла ян еза цунна».

Меттигерчу бакъонашларъярхоша а ца дузу, нагахь санна и цамгар кхин дIа ца яржийта хIума юкъа даккхахь, адамийн бакъонаш йохор хIума хира ду аьлла. «Мемориалан» Несар-гIалахь йолчу офисан куьйгалхочо Акиев Тимура иштта элира оцу хьокъехь.

Акиев Тимур: «Цхьана агIора, иза оьшуш а, пайдехь а хIума ду. Суна маьIна долуш хIума хир ду аьлла хета иза. Адамийн бакъонехула иза дуьстича, суна дIоггара бакъонаш йохош ду аьлла ца хета».

Нохчийчохь цу тайпа низам стохка юккъе даьккхинчу хенахь, дуккха а кхерамаш бара, амма, цунах дуккха а нехан могашаллина пайда хилла боху Нохчийчура АнтиСпид центран коьрта лоьро Айдамирова Хедас.

Айдамирова Хеда: « 17 эзар стагана цхьана шарахь оха талламаш бина. Царна юкъахь 22 керла стаг гучуваьлла тхуна и цамгар йолуш. ЙоIана а ца хаара, шен и инфекции юй я кIантана а ца хаара иза. Цхьацца болу йоIарий шайн цIа а бахна, марехь Iе а ца лууш, цхьацца болу кIентий цаьрца дIаса а къаьстина, шаьш Iелур дац аьлла.Цхьацберш, хIумма а дац, оха доьзал кхуллур бу, шу центрера говзанчийн гIоьнца шай дахар тодийра ду, олуш а хуьлу».

23 шо долу Ислам, нохчийн полицин белхахо ву. Стохка цхьана а кхетта доьзал кхоллале, иза а, цуьнан тIехьийза йоI а, чекхадаьлла оцу талламах. Иза цхьа а тамашийна, ян иэхье хIума дац элира цуо, Маршо радиога оцу хьокъехь вистхуьлуш.

Нохчийчоь - Mахбаран тоьшаллин коьрта агIо, Соьлж-ГIала, 29Заз2012
Нохчийчоь - Mахбаран тоьшаллин коьрта агIо, Соьлж-ГIала, 29Заз2012

Ислам: «Ас цхьа шо хьалха ялийна зуда. Ас ас вахана яьккххира и справка. ЙоIо, ша яьккхира иза. Цул тIаьхьа цуо соьга схьаелира иза. Моллега иза дIакхаьчча, цуо журнал тIе дIаязъйо справки лоьмар. ТIаккха мухар а тухий, тоьшалла схьало цуо. Оцу кехатан бакъонца бо тIаккха там-мах. Со и справка яьккха ваханчохь дуккха а нах бара цигахь. Дукхаболчарна иза нийса деш хIума ду бохуш дара. Амма, бара цигахь, реза боцу цхьаберш а. Уьш кIезга бара».


Нохчийчохь, тIеэцначу иммунодефицитан синдроман доьхьала цу тайпа луьра къийсам латточу хенахь, кхин цхьа тамехь доцу хIума а гучудаьлла юкъараллехь. Нохчийчура АнтиСпид центран коьрта лоьро Айдамирова Хедас хаам барехь, даьржина схьадогIуш ду, массо а низамашца кхиазхой лоруш долу зудабераш маре эхар. Иза кхераме барамашка дирзина, аьлла тидам бира цуо.

Айдамирова Хеда: «Даханчу цхьана шарахь 15 шо кхачанза йолу 110 йоI еана тхо долчу и справка езаш. Цул тIаьхьа маре бахана уьш. Психологаша «хьаьнга йоьдуш ю маре, аьлла хаьттича, 25-30 шераш долчу баккхийчу божаршка йоьдуш ю олу. Оцу бакхий буожарша и бер, хIун аьлла маре дуьгур ду. Оьрсийчоьнан низамаша, берана тIекховдар лору иза. Бера долчу оцу йоIах хIун нус хир ю я хIун зуда хир ю? Дуккха а хIума коча догIу цунна. Ша дерг нис а ца лой, йоI цIа йогIу, дакъаза а йолий».

Вайнехан юккъаралла, нохчийн а, гIалгIайн а, башхалла а йоцуш, ша тайпа амал йолуш ю. ХIора шарахь аьлча санна, хила ма деззара лоьрашна тIе а оьхуш, хIума деш делахьарий, цу тайпа чолхе дера дацара къоман могашаллин хьал. Наха олучух озабалар хIинца а лекха ду юкъараллехь, билгалъяьккхина йоцчу цамгарах, хила мегаш долчу тIаьхьалонал а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG