ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гергарчарна гIо дан гIерта махках бевлла нохчий


Почтехула цхьацца ларчаш а хьежош, гергарчарна гIо дан гIерта махкахбевлла нохчий, 2012
Почтехула цхьацца ларчаш а хьежош, гергарчарна гIо дан гIерта махкахбевлла нохчий, 2012

Европехь бехачу шайн гергарчара деш долчу гIоьнца хена бовлуш болу нах кIеззиг бац Нохчийчохь. Тамаша а бац, официала хьостанашца а 50 проценте кхочуш ду Нохчийнчохь болхбоцучийн терахь. Ткъа арахьара го деш стаг ца хилча, цу нехан хьал кхин а гIийлох хир дара. Азимова Сийлахас дуьйцу Европерачу нохчаша шайн цIахь бисинчарна бечу гIайгIанах лаьцна.

Немцойн а, австрихойн поштера Нохчийчу ткъо кийла еза хума чу йоьдучу картонах дина долу гIуткха, -вайнаха шайна марзделла ма-хиллара, „посылка“ олуш долу, - тоссург 20 -30 евро долу. 5 кила деза дерг тасса а йиш ю ян-м, амма дукхох болчу вайнаха доккхох долу гIуткха хоржу, хIуманаш гула а йой, - иштта санехьох а ду.

И хIумнаш чохь йолу картонан гIутках Нохчийчу дIакхочу, юкъарчу хьесапехь, 2- 3 кIирнахь, амма мел дукха иза хьеделча а 5-6 кIиранахь бен ца хьело. Тамашийна хетадала тарлахь а, амма и гIуткхаш докхачу декъехь, хилла зе а доцуш, я новкъахь довш а доцуш, шаьш кхача дезаче дIакхочу. Соьлжа-гIала кхаьчна а ца Iаш, муьлхачу а нохчийн юрта а тIаьхьа.

Иза доккха зовкх а ду, масех шо хьалха Нохчийчохь я пошта а, я кхин йолу цу кепара нехан хьашташ кхочуш деш хилла йолу хьукматаш болх банне а беш хилла ца хилар тидаме эцча-м муххале а.

Вуно боккха Делан къинхетам лору и пошта иштта болх беш хилар Европерачу вайнаха а, хIунда аьлча, цуьнан гIоьнца шайн цIахь бисинчу гергарчарна тIе-кога йоха а, берашна совгIаташ а, ур-аталла, цхьацца вайн цIахь эца карош йоцу марзолгаш а кхехьийта таро ю церан.

Бакъду, поштехула цIа гIутках тесначу муьлхачу а Европерачу нохчочунна дика девзаш цхьа низам ду: и гIутакх я Оьрсийчохь, я кхечанхьа цхьанхьа новкъахь цхьанна а схьаделла а, цу чуьра хIума лачкъон а ойла ца хилийта, мел кIезга а 2-3 скотчан тIуйлиг а йойъуш, дика дIахьарчон деза иза. ТIаккха цхьаммо а схьадостур дац.

Дукха хан йоцуш Германехь бинчу талламаша гучудаьккхира, цу пачхаьлкхехь бехаш болчу туркоша, - ткъа уьш цигахь 3 миллион сов ву, - шайн цIахь, Туркойн махкахь, бисначу гергарчарна тоссуш долчу гIоьнан терахь хIора шарахь цхьа миллиард еврол а сов долу бохург.

Цу инзаре доккхачу терахье нохчи, кхеташ ма-хиллара, кхачалур бац. Уьш Германехь хьовха, доллучу дуьнентIехь а цхьа миллион са бен ца хиларна. Амма шайн цIахь бисинчу гергарчарна гIо дарехь кхин туркойл я кхечарел тIаьхьа ца буьсу вайнах а, хIора стаго ша шегара деш долу гIо вай тидаме лаьцна.

Австрерачу Грац гIалахь ехаш ю ши шо хьалха цу пачхьалкхан олалла тIеэцна йолу Нохчийчура мухIажар Мадина. Цуьнан ах йиша-ваша Австрехь деха , ткъа важа ах – Нохчийчохь. Цу цIахь бисинчарна гIо дан аьтто боцург, кхин ша кхузахь сецош хIара ду аьлла, хIума дац, бохуш дуьйцу цуо.

Мадина: „Сан ши ваша а, йиша а ду цIахь. Царна ахчанаш дохьуьйту, тIеюха а, когаюха а оха латтадо царна, вовза-везалахь цомгашчарна дарба дан а гIо до. Тхайн цхьа рицкъа а, йоза а хилла кхуза схьадаьхкина тхо, амма кхузахь кхин орамаш хеца дагахь ма даций тхо. Царна гIо дан йиш хилар бен, кхин тхан кхузахь самукъадолуш хIума а дац“.

Мадинас боху, болх я некъ ца хилча, тIедогIуш хIара ду аьлла рицкъа а ца хилча, кхуза аренца болчу шайн гергарчу наха гIо а ца дахь, тIаккха хIетте а хене бовлалур ма бац Нохчийчохь уггаре а гIийлох биснарш, я болх а, я некъ а церан ца хилча.

Мадина: „Оха ца дича, церан я болх бац, я аьттонаш а бац. ГIалахь бехачеран белхаш хила а мегара, амма ярташкахь бехачеран дукхохболчеран я белхаш бац, я дан хIума дац, я хьалаяа хIума а яц“.

Мадинас дийцаре динчух терра хьал ду Соьлжа -гIалахь ехаш ю йолчу 22 шо долчу Элизехь. Иза даханчу шарахь университет яьккхина яьлла, романо-германхойн факультет. Амма болх я ша Iамийначу говзаллийца а, я муьлхачу а кхечу меттехь а ца карабо цунна. Германехь вехаш волчу шен девешин доьзало гIо деш дацахь, йиш яцара шайн бохуш дуьйцу къоначу меттанийн говзанчас.

Элиза: „Иттех шо ду тхан деваша шен доьзалца а цигахь Iаш волу. Туька ю церан, вайн къоман хIумнаш юхкуш, Европехь эца ца карош йолу. Цара гIо деш дацахь, тхан да амал дацара. Цигара цара кест-кеста тIейоха а, когайоха а хIумнаш тоссу тхуна, ахча а доуьйту. Вуьшта тхуна кхузахь карош болх а бац. Со йоккхаха ерг ю, вуьш болу йижарий, вежарий кегий бу хIинца а".

Тхан ненан а, сан а пенси ду, цунах хене довла дезаш дара-кх тхо, цара гIо деш дацахь. Ткъа иза муха дийр ду? Берашка ишколехь даима а ахчанаш доьху, цкъа 500 сом схьада олу, тIаккха кхин олу. Масех шо ду ас болх лоьху, амма иза карош бац. Цара цигара гIо деш ца хилча, тхо-м ларор дацара“.

Европехь бехаш болчу нохчийн мухIажаралла дIадоладеллачу муьрехь иза, доккхачу декъехь, тIамех а, оьрсийн эскархойн къизаллех а нах бовдарца а доьзна дара. ТIаьхьарчу хенахь дозанал арахь тховкIело а, керла ирс а оьхуш болчу ночийн терахь хIуммаъ а лахлуш я хаддане а хедаш дацахь а, амма церан цхьана доккхачу декъо Европехь лоьхург кхин ду –цIахь болхбацаран гIелонах я доьзал кхаба аьтто ца хиларх кIелхьаравалар.

Юкъараллин цхьа дакъа миллионашкахь марш баьттIа, вузаран хьесап доцуш, шайгара рицкъанаш дIасаIенош лелачу хенахь, оццу юкъараллин важа дакъа къеллин а, мацаллин а сиз тIе кхаьчна.

Цундела а лору дукхохчу болчу Европерачу нохчаша, Маршо радиоца къамел дина хиллачу Австрерачу Мадинас санна, шаьш шайн цIахь бисинчу гергарчаьрна гIодан декхарийлахь.

Йиша-вешина гIо дар, лулахошца декъар, ша шен гай дузийча, цунах тоам бина Iойла ца хилар – уьш даима а хилла нохчийн къоман коьртачех амалшна юккъехь. Ма дика ду, я тIамо а, я кху заманан саьхьаралло тIехIиттийначу халонаша а къоман сицара и амалш дIа ца къастор.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG