ТIекхочийла долу линкаш

Уггаре кIезиг зуламаш до меттиг ю Къилбаседа Кавказ


Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан иарла прокуратура, 2013.

Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан иарла прокуратура, 2013.

Низамаш дохоран терахьаш гойтуш интернет-портал схьайиллина кху деношкахь Оьрсийчоьнан инарла прокуратуро. Цо аьтто бийр бу аьлла хета прокурорашна махкахь зуламаш дар хьул ца дайта.

Инарла прокуратуро далочу жамIашца, Оьрсийчохь уггаре а дукха зуламаш деш а, низамаш дохош берш а бац, цигарчу зорбанан гIирсаша хIотточу сурто ма гайттара, Къилбаседа Кавказера нах.

Инарла прокуратуро шен портал схьаеллале хьалха Оьрсийчохь деш долчу зуламийн статистика ялош ерг яра чоьхьарчу гIуллакхийн министралла. Амма прокурораша дийцарехь, царна хIора шарахь гучудолу 3 миллион гергга зулам хьулдар.

И зуламаш хьулдеш берш бу талламан органийн белхахой. Прокуратуро чIагIдарехь, керла интернет портал схьаелларца цу агIор харцонаш лело аьтто хир бац. ХIунда аьлча, зуламхочо зе дина волчу хIора Оьрсийчурча вахархоьчуьнан аьтто хир бу инетернетехь ша бина латкъам, я шен дехарца схьадиллина бехк-такхаман гIуллакх муьлхачу хьолехь ду хьажа.

Оьрсийчурча бозуш боцучу журналисташа яздеш ма хиллара, мел тешам бу инарла прокуратурах а, кху заманахьлерчу Оьрсийчурча Iедалх а, муьлххачу а Iедалх а бохург философин хаттар ду. Амма инарла прокуратуро дало терахьаш вай тидаме эцча, гуш дерг шена тIе тидам бохуьйтуш ду.

Интернетехь муьлхха а Оьрсийчурча зорбанан гIирсан сайт схьайиллича цу тIехь карор бу Къилбаседа Кавказера, ша аьлча нохчийн къомах волчу, я Дагестанерчу стага цхьа зулам дина аьлла хаам. Дукхачу хьолахь и дина зулам хуьлу, авторан версица, адамалла доцуш дина хилла ца Iаш, зуламхочо шегара къоман амалшца йоьзна ледарло а йолуьйтуш дина.

Масала, зудчух летта, я иза хьовзо гIоьртина. Берах йолчу зудчунна тоьхна. Дукхачу хьолахь гIийлачунна тIехIоьттинчу стагана тIелетта хуьлу дуккха а кавказхой. Иштта дIа кхин а.

Цу артиклийн шен Iалашо хиларх кхеташ ду. Амма Оьрсийчоьнан прокуратуро далочу терахьаша гойтуш дерг кхин сурт ду.

Масала, «Оьрсийчохь зуламаш даран гайтамаш» цIе йолчу порталан декъо гойтуш ду 2012-чу шарахь Оьрсийчохь 2 миллион 302 эзар 168 зулам дина хилар. Уггаре а дукха и зуламаш дина меттиг ю Москох. ШолгIачу меттехь ю Москох-кIошт, кхоалгIа меттиг дIалоцуш ю Свердлов-кIошт.

Уггаре а къезиг зуламаш дина Ненецкин автономин гонехь. ШолгIа меттехь бу цу гайтамехь Чукотски автономин го. Ткъа зуламаш къезиг дарехь кхоалгIа меттиг дIалоцуш ю ГIалгIайчоь.

Амма, нагахь хIора 100 эзар стаган юкъахь маса зулам дина хьаьжча, сурт кхечу кепара нисло. Уггаре а кхераме меттиг ю Оьрсийчохь Забайкалан кIошт. Кхин дIа ю Алтай а, Буряти а, Сахалин-кIошт, Приморски кIошт, Магадан-кIошт.

Ткъа уггар кхерамазалла йолу меттигаш ю Къилбаседа Кавказера республикаш а, Тюменан а, Рязанан а кIошташ а.

Инарла прокуратуран сайто аьтто бо дуккха а кхечу хаттаршна жоьпаш каро. Масала, муьлхарниг ю уггаре а дукха кхаьънаш оьцу меттиг. Иштта стохка 2012-чу шеран 10 баттахь уггаре а дукха кхаьънаш эцна меттиг ю Волгоградан-кIошт. Цул тIаьхьа ю Киров-кIошт, тIакха Пермски кIошт.

Кху шеран хьалхарчу шина баттахь уггаре дукха адамаш дайина меттиг ю Подмосковье. ШолагIчу меттехь ю Свердлов-кIошт, КхоалгIа – Иркутски кIошт. Хьехош йолчу хенахь уггаре а къезиг адамаш дайина Ненецки а, Чукотски а автономин гонашкахь (цхьацца стаг).

100 эзар стагана юкъахь уггаре а дукха нах бойуш бу Тывахь. ШолагIчу меттехь ю Жуьгтийн автономин кIошт. КхоалгIа – Забайкалье. Ткъа уггаре лахара гайтам бу, тамашийна далахь а, Москох. Уггаре къезиг нах бойуш йолу шолгIа меттиг ю Ставропол-кIошт, ткъа кхоалгIа ю Нохчийчоь.

Нохчаша зуламаш къезиг деш ду аьлча, ша цец ца волу бохуш дуьйцу дуккха а шерашкахь Коммерсант газетехь болх беш волчу журналисто Мурадов Мусас.

Мурадов Муса: «Къилбаседа Кавказехь а, Нохчийчохь а зуламаш дар къезиг хилар суна тамашийна ца хета. ХIунда аьлча, вайн и зуламаш ца дан дуккха а бахьанаш ду. Вайн жима стаг шен де-ненах озалуш хьуьлу. Шен лулахочух озалуш хуьлу, эхь хетий шега зулам даьлча а, ша во вийцахь а.

Оьрсийчурча регионашкахь стаг ша цхьа зулам дича, Iедалх ведда кIелхьара ваьлча тоьаш ду моьттуш хуьлу. Амма вайн стаг Iедалца барт бича а, Iедалх цуьнан вада аьтто баьлча а, иза чекх ца долу, иза дера доций царна хаа а хаьа.

Важа бахьана ду и зулам динчунна бале даьлла ца Iаш, доьзална а, йишина а, вешина а, кхин а гена даьлча, тайпанна а, тукхаманна а бале долуш хилар. Уьш ду вайн цIахь и зуламаш дар къезиг хилар бахьанаш.

Вайн махкахь хилла а ца Iаш... бен а дац хьо миччахь вехаш валахь а. Аса кхузахь цхьа тIулг тоьхча, цуьнан гIовгIа хьевззий цига, вайн цIа, дIайоьду. Иза гIур юй а хууш, цIахь берш юьхьIаьржа хIиттор буй а хууш, со озало».

Кху беттан 4-чу дийнахь шайн интернет портал йовзуьйтуш хиллачу зорбан конференцехь инарла прокуроран когаметто Буксман Александра дIахьедар дира, шайн интернет сайт юьхье бен яц аьлла. Цо дийцарехь, хIинца, статистиканна Iуналла дар прокурорийн карадаханчул тIаьхьа, цхьа а зуламхо кIелхьара вера вац таIзарх.

ХIара материал кечйеш инарла прокуратуро юйцуш йолу сайт (http://crimestat.ru/) схьаеллалуш яцара, масала, Маршо Радион штаб-хIусам йолчу ПрахIехь.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG