ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIирмера гIезалошна тIехIоьттина Вашингтон



Кху беттан I8-чу дийнахь 70 шо кхочуш ду 1944-чу шарахь 230 эзар сов ГIирмера гIезало вохийна махках ваьккхина. Царах нисса ах нах, коьртачу декъана зударий а, бераш а кхелхира хьалхарчу кхаа шарахь. Цуьнца доьзна леррина дIахьедар дина ПIераскана дийнахь Iамеркан пачхьалкхан департаменто. Дукхах болчу гIирмерчу гIезалоша хIинцца хилча санна дагахь латтош бу и бохам.

И бахьана долуш Оьрсийчоьно йина аккупацино а, Оьрсийчоь бакъонца а доцуш ГIирма шен дола ерзо гIертаро а схьайиллина ерзаза йолу чевнаш аьлла ду Пачхьалкхан департаментан дIахьедар тIехь. Iамеркан арахьарачу гIуллакхийн хьукмато билгалдаккхарехь, ГIирмехь адамийн бакъонаш йохор алсам долуш ду хIора кIиранах. ГIирмера гIезалой а, кхечу къъаьмнийн векалш а байар а, етташ хьийзаар а, лечкъор а могIарера хIума а хилла дIахIоьттина цигахь.

Вашингтоно юха а хоьуьту цу нахана тIебогIуш керла кхерам а болуш ша ГIирмерчу гIезалошна тIехIоьттина хилар аьлла ду цу дIахьедар тIехь. Iамеркан Пачхьалкхан департаменто юха а дIахьедар дина ща Украинин суверинитетана гIортор еш хилар а, иза екъарна дуьхьал хилар а, Украинехь а, ша аьлча ГIирмехь а адамийн бакъонаш ларъярна ша тIехIоьттина хилар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG