ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоь а, "адамаш духку-оьцу базар" а. КIиранан жамIаш


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Украинхойн йийсархой оьцу кадыровхоша шайчаьрца хийца, Украинерчу тIамана цхьана баттахь 2,6 миллиард сом дайъина Нохчийчохь, адамаш дехачу меттигехь 12 сахьтехь сов тIом бина гIалгIайн къайлахчу сервисаша – цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршонан 53-чу подкастехь.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

Украинхойн йийсархой оьцу нохчийн эскархоша шайн накъосташца хийца

Оьрсийчоьнан кеп-кепарчу дакъошкара йийсаре эцна украинхойн салтий оьцу мехах нохчийн эскархоша, цул тIаьхьа шайн накъостех уьш дIасахийца. Ингалсан The Times хьасте цунах лаьцна дийцина тIеман йийсархойн гIуллакхашкахула йолчу украинхойн координацин штабан векало.

Салтий хуьйцу "къайлах базар" Соьлжа-ГIалахь йу боху хаамаш, бакъ ца бо.

Украинхойн хаамийн гIирсаша стохка аьхка а дийцира, кадыровхоша йийсархой а, кхинболу Оьрсийчоьнан эскархой а оьцу бохуш. ХIетахь дийца даьккхира ВСУ-н хиллачу тIемалочух Левицкий Вячеславах лаьцна. Стохка чиллан-баттахь Донецкан кIоштахь ши ког лазийнера цуьнан, цул тIаьхьа масех де даьлча "ДНР-ра" сепаратистийн каравахнера иза.

Лоьрийн гIо кхачочу меттана Левицкийна йиттинера, тIаьхьо кадыровхошка дIавелира иза, цара Соьлжа-ГIала дIавигира. Нохчийчохь йийсархочун когаш а, куьйгаш а дIадаха дийзира, цул тIаьхьа ларми чу воьллира иза хан ма-кхаьчча хийца Iалашонца. Мангал-беттан йуьххьехь аьтто белира дIасахийца, Левицкийца цхьаьна Соьлжа-ГIалара Украине дIавахара иштта Потремай Сергей а. Цу шиммо а чIагIдо, шайца ларми чохь иттаннашкахь лецна балийна украинхойн бара бохуш.

The Times газето йухайийцира Левицкий Вячеславан истори, Киевера тоьшалла кхечира царна, кадыровхоша Оьрсийчоьнан эскархошкара билггал йийсархой оьцуш хиларх. "Тутмакхийн къайлах базар" йу и элира журналисташа. The Times гIирсо билгалдаккхарехь, оцу кепара практика йоьзна хила тарло, тIом болабеллачу йуьххьехь луьра тIемаш бирзинчул тIаьхьа Нохчийчуьра тIемалой хIинца тылехь хиларца. Цундела церан кIезиг таронаш йу украинхойн йийсархой леца.

Хийцинчу Левицкий Вячеслава дIахьедира журналисташка, Нохчийчохь дика лелийра ша, цо цунах кхетийра, меттигера бахархой Украинех дог лозуш хиларца, хIунда аьлча, Оьрсийчоьнца тIом лайна бу уьш а. Цо бахарехь, Соьлжа-ГIалара дIавахийтале хьалха кадыровхойн цхьана командирца сурт а даккхийтинера цо, шега элира боху цо: "Оьрсий аша йуха ма тоххара (The Times хьостан текстан оригиналехь Russian дош иду лелош. – Редакцин билгалдаккхар), изза дийр ду оха а".

The Times ресурсан публикаци фейк йу элира Кадыров Рамзана зазадокху-беттан 7-чохь. Цуьнан дешнашца, Левицкий Соьлжа-ГIала валийнера цуьнгахь вон хьал хиларна. Цунна дарба дан Нохчийчуьра лазартне стенна къастийнера, мехкан урхалхочо ца дийцира. Цо чIагIдо, Оьрсийчоьнан кхаа эскархочух хийцира тIаьхьо Левицкий Вячеслав а, кхин а украинхойн ши йийсархо а бохуш.

"ТIеман йийсархой оьцуш къайлах базар йац йа Нохчийчохь а, йа Оьрсийчохь а", - аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Телеграм-канале хIоттийначу шен постехь цо йаздо, "Низамаш а лелаш, къепе а латтош, Оьрсийчоьнан субъект йу Нохчийчоь" аьлла

2022-чу шарахь Украинан векалша дIахьедора, йийсаре лецна кадыровхой Оьрсийчоьнан эскарера кхинболчарел а уггар а хьалха хуьйцу, Соьлжа-ГIалахь болчара къахьегарна. ХIетахь цунах кхетадора, йийсархоша цхьаъ дийцахь, шайга болу ларам Нохчийчохь оьшур бу аьлла кхерарна.

Нохчийчохь цхьана баттахь 2,6 млрд сом дайина тIамана

Нохчийчура ницкъахошца хиллачу рогIерчу кхеташонехь регионера парламентан спикеро Даудов Мохьмада дIахьедина, Украине чугIоьртичхьана республико тIамана хIинцале 31,2 миллиард сом сов дайъина аьлла. Чиллан-беттан йуьххьехь 28,6 миллиард сом хьажийна бохура цо. Цхьана беттачохь эскархошна 2,6 миллиард сом ахча дайъа таро стенгара йу республикин – хууш дац.

Даудовс дIахьедира, доллу ахчанах нохчийн Iедалхойн таро хилла 1,5 эзар спецтехника эца, 4,4 эзар квадрокоптерш, 500 тепловизор, 30,4 эзар гергга "зIенан гIирсаш", 161 антидрон, 350 буса са гойту гIирс. Кхеташонехь йаьккхина видео Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен телеграм-канале хIоттийна.

ДIахьедарехь, ахча кхочу Кадыров Ахьмадан цIарахчу йукъараллин фондера – ткъа фондан коьрта Iалашо йу махкара бахархошна гIодар. Официалехь организацин дац 31,2 миллиард сом – тIаьххьара цара йовзийтинчу чоьтаца, 2022-чу шарахь цуьнан йоллу баланс йара 6,3 миллиард сом. Оцу йукъанна кхоалгIа шо а ду организацино шен коьртачу Iалашонна цхьа сом а ца дойъу.

Дустуш аьлча, йоллу Соьлжа-ГIалин бюджет стохка йара 11 миллиард сом. ТIамана дайъа иттаннашкахь миллиардаш соьмаш стенгара девлла йукъараллин фондана, билггал цигара а дуй-те ахча, делахь, стенгара долу а – хууш дац.

Муфтийна а, Кхарачой-Чергазийчоьнан куьйгалхочун дена а делла совгIаташ+ Висмурадовна делла чин+керла санкцеш

Лаккхара Нохчийчоьнан совгIат – Кадыровн цIарах орден йелла Темрезов Борислина, Кхарачой-Чергазийчоьнан куьйгалхочун да ву иза. СовгIат дарх омрана тIехь йаздина ма-хиллара, Кадыровн орден кхачийна цунна "Оьрсийчоьнан пачхьалкхалла кхиорца доьзна даккхий гIуллакхаш дарна а, дуккха а шерашкахь могушалла Iалашйарехь а, лоьрийн Iилманехь а кхахьегарна а".

Черкесскера дарбанан-реабилитацин центран коьрта лор ву Темрезов Борисли, цо дина гIуллакхаш Нохчийчоьнца муха доьзна ду, хууш дац. Гурахь Кхарачой-Чергазийчоьнан куьйгалхочо совгIат дира Кадыров Рамзанан кIантана Адамна. И нисделира, КъорIан дагорна лаьцна латточу Журавель Никитина кхиазхочо йиттинчул тIаьхьа. Хетарехь, цунна дуьхьал жоп луш дина ду и совгIат.

Соьлжа-ГIалахь кху кIиранах дIахьедира Висмурадов Абузайдана керла тIеман чин даларх. Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира инарла-майор вина цунах. 2000-гIа шераш дуьйладелчхьана Висмурадовс гIуллакх дина Оьрсийчоьнан ницкъаллин структурашкахь, тIаьххьарчу шерашкахь

Нохчийчоьнан вице-премьер ву иза ницкъаллин блоках жоп луш. Бераллера схьа дуьйна шен доттагI ву иза олу цунах лаьцна Кадыровс, цул совнах ши захал ву и шиъ – мехкан урхалхочун йоI Табарик йу Висмурадовн кIантехь.

Бакъоларйархойн хаамашца, Висмурадов Абузайд хилла Нохчийчохь ЛГБТК+ нах лецарна тIехь терго латтош, цо ша барт хоттура боху лецначаьрга, царна кхел йеш сацамаш тIеоьцург а и вара боху, Кадыровн тIедилларца. Цунах лаьцна дIахьедира махкара веддачу, цхьана хенахь полисхо хиллачу, ша а гейшна тIаьхьаваьлла леллачу Гезмахмаев Сулеймана. Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Евроберто а санкцеш дуьхьалйаьхна Висмурадовна адамийн бакъонаш хьешарна. 2021-чу шарахь Висмурадовн репутацих лаьцна дийцира Кавказ.Реалии сайтана бакъоларйархочо Каляпин Игоря.

"Висмурадов – вевзаш стаг ву Нохчийчохь, дукхахболучарна иза вевза "Патриот" цIарца. И цуьнан дукха хенара схьа лелош йолу тIеман кхайкхаман цIе йу – и саннарш дуккха а кадыровхойн йу. Нохчийчохь дуккхахчарна иза вевза Кадыровн хадархо санна… ЧIогIа кхераме адам ду и. Доза доцу къиза стаг ву иза, Кадыров Рамзанна чIогIа муьтIахь ву, иза гучувуьйлура уггар а къиза гIарадевлачу гIуллакхашкахь", - билгалдаьккхира къамелдично.

Оцу йукъанна Нохчийчоьнан премьер-министр Хучиев Муслим кху кIиранах Японин санкцийн ицн тептаре ваьккхина; цул совнах, Токиохь дозанаш тоьхна Кадыров Ахьмадан цIарахчу полицин полкан комнадиран Чалаев Замидан хьокъехь а, иштта Нохчийчохь адамийн бакъонаш Iалашйан векал винчу Солтаев Мансуран а, Ростовн кIоштара цуьнан белхан накъостан Черкасова Иринин хьокъехь а. Хьахийначу Кадыровн хьаькамашна дуьхьалйаьхна санкцеш – дуьххьарлера йац – уьш кхуьй а ву Евроберто дозанаш тоьхначийн тептаре вазвина. Хучиев Муслим Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а льацна ву, ишта омбудсмен волчу Солтаевца цхьаьна Украинан санкцийн тептарехь а ву.

Карабулакера тIом

Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн белхахоша ГIалгIайчохь мел лахара а I2 сахьтехь тIом бина Карабулак гIаларчу нах бехачу секторехь. Зазадокху-беттан 2-чу суьйранна болийна и тIом Iуьйренга баьллера. "Контртерроран операци" дIахьош дара шаьш аьлла кхетийра меттигерчу Iедалхоша герзаш деттарх. Церан хаамашца, йалх стаг вийна, ницкъахошлахь а, маьршачу нахалахь а вийна-ваьккхина стаг вац.

Къайлахчу сервисаша чIагIдарехь, байъинарш бехке хилла терроризмана, царех кхоъ лехамашкахь вара боху, стохка бIаьста ГIалгIайчохь полисхошна тIелетарш дарна. ХIетахь Iедалхоша шеконашца республикера 22 шарера 35 шаре ваьлла йалх вахархо вара лоьхуш; царех шиъ велла карийра тIаьхьо, кхин а шиъ лецира, хIетахь дуьйна оцу гIуллакхах лаьцна кхин дуьйцуш дацара.

Ткъа хIинца, Кремлана гергарчу зорбанаша хаамбарехь, Карабулакехь вийна Гуражев Iамирхан – лоьхуш хилла бехкевеш хиллачу шиннах цхьаъ ву. ТIаьххьара лоьхушверг -Оздоев Адам- хIара подкаст арахоьцучу хенахь лацанза вара. ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедо, цуьнан карахь герз ду, иза Iаламат чIогIа кхераме а ву бохуш.

Карабулакехь тIом бечу хенахь къайлахчу сервисаша герзаш диттира, гранатометаш а цхьаьна, дуккхаъ а петарш йолчу цIенна тIе. Вон йохийна и гIишло. Меттигерчу Iедалхоша чIагIдарца, цу чуьра бахархой хенна цхьанхьа дехьабехира, амма Оьрсийчоьнан Iедална луьйчу критикаша шеконашка дехкира официалан дIахьедарш. Цунах лаьцна ишта дийцира, масала, вайнехан блогеро, масех бехктакхаман гIуллакхашна бехкевинчу Белокиев Ислама: "Цара [ницкъахоша] нийсаллица хьежош йетташ, тIом ца бина. «Шмель» олу гранатометаш йиттина цара оцу цIенна тIе, цу чохь бехаш нах хиллашехь, уьш чуьра арабаьхна а ца хиллера! Хаам баьржира, оцу кепара цара бехк-гунахь доцу новкъахула воьду стаг а вийна аьлла. ХIина и бакъ дац боху, цара боху маьршачу нахалахь вийна-ваьккхина стаг а вац. ТIаккха хаттар кхоллало: иштта нисдала тарлой-те, цара [ницкъахоша] новкъахула воьдуш хиллачух шайна дуьхьало йинарг ву аьлла, бехкевар, маьршачу нахалахь шаьш дина зенаш къайлахьуш? Хуьлийла дуй-те иштта?"

Официалан хаамашца а догIуш, Карабулакехь байъинчийн Iалашо хилла терроран кепехь тохарш дан маьршачу нахана дуьхьал, амма шаьш бохучун тоьшаллаш ца далийра. Ницкъахоша герзаш диттинчу петарчуьра гуш ду лулара тIекIелдина цIа, амма цунна дина зен дац. Оцу тIехула хьесап дойла йу, бехкебечара герзаш диттина хиллехь а, къайлахчу сервисийн белхахошна тIе бен диттина цахилар.

Кремлана герга долчу "Известия" газето Карабулакера тIом бирзинчул тIаьхьа, хьасташна тIетийжаш, йаздира байъинчарна тIехь "контроль латтораш дозанал арахьара" хиллера аьлла. Цуьнан а тоьшалла дац. Оцу заманчохь дозанал арахьа болчу ГIалгIайчоьнан маршонан агIончаша байъинарш "тIемалой-муджахIидаш" бу аьлла. Къайлахчу сервисийн операци "нахана йукъахь гIовгIа а йаьккхина, кхерам таса гIертар" ду бохура цара.

Карабулакехь тIом бечу хенахь йохийна I5 хIусам, дIахьедира ГIалгIайчоьнан Iедалхоша, цара чIагIо йина уьш меттахIиттон. Цкъачунна оцу гIуллакхна Iедалхойн комисси вовшахтохар бен кхин йолийна йуьхь йац.

Милашинина а, Дубровинина а тIелатарх гIуллакх сацор йухалуьстур ду

2020-чу шеран чиллан-баттахь "Новая газетан" журналистана Милашина Еленина а, адвокатана Дубровина Маринина а дина тIелатар листар сацор мича буха тIе ду талла хьажийна Нохчийчуьра Лакхарчу кхело. Оцу зуламна бехкеболчарна тахана а таIзар данза ду, ткъа волайнхошна ца гойту гIуллакхан материалаш. Апелляцин сацама тIехь ду ишта йаздина.

ГIуллакх таллар сацош сацам дуьххьара къевсира адвокато Дубровина Маринас Висаитовн кIоштара кхелехь, латкъам листира 2023-чу шеран лахьан-баттахь. Талламхо а, прокуратура а тIетевжира оцу гIуллакха йуккъерчу цхьана хаамашна, уьш нахала баха йиш йолуш бац боху, хIунда аьлча, цаьргахула оперативан-лехаман барамаш бу дIахьош.

Апелляцихь Дубровинас дIахьедира, и аргумент бух болуш йац аьлла – гIуллакхехула дIахьош цхьана а кепара барамаш бац, йеттарна бехкеберш кхаа шарчохь гучубаьхна а бац, ткъа материлаш, цаьрга хьовса бакъо йоллушехь, гойтуш йац.

Цу кепара Нохчийчуьра Лакхарчу кхелехь хьесап дина, оцу бехктакхаман гIуллакхехула мел эшна барамаш кхачам боллуш кхочушбина бохуш, талламчаша чIагIдахь а, дIабаьхьна бац аьлла. ГIуллакх йуха а республикера Висаитовн кIоштан кхеле кхачийна.

2020-чу шарахь чиллан-беттан 6-чу буса муьлш бу цахуучу наха тIелатар дира Соьлжа-ГIалахь адвокатана Дубровина Маринина а, журналистана Милашина Еленина а. Масех адамо йиттинера шина зудчунна "Континент" хьешан цIийнан холл чохь. Летарш зударий хиллера, амма волайнхоша бахарехь, уллохь лаьтта божарий бара куьйгалла деш. Дубровина а, Милашина а Нохчийчу йеанера хIетахь, "нохчийн Рублевкех" ролик йаьккхина, иза ютубе йиллинчу Нуханов Исламан дов хоттуче. "Нохчийн Рублевка" лору Соьлжа-ГIалин йукъ, блогеро чIагIдарехь, цигахь бехаш бу Нохчийчоьнан куьйгаллин гергарнаш а, цуьнан го а.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

XS
SM
MD
LG