ТIекхочийла долу линкаш

Дуьненара куьйгалхойн бац Путинан а, Кадыровн а болу бахамаш


Оьрсийчоь, Путинан сахьт

Оьрсийчоь, Путинан сахьт

Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран долахь йолчу тIех езачу хIуманашна хьесапдеш, оьрсийн оппозицино кхаарин дийнахь гIарабаьхначу хаамаша кхин гIовгIа а ца яьккхина Оьрсийчохь. Амма и хаттар жигара дийцаре даьккхина цу махкал арахьа. Малхбузехь юкъаралла тIехьажа аьтто болуш хиларе терра, паччахьан дахар дIакхехьалур дацара цигахь Путин санначу стаге. Ткъа муха ду дуьненарчу лидерийн алапаш? ХIун аьттонаш ло царна президентийн даржашкахь?

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президентан шеран алапа 400 000 долларх а, даржаца доьзна шен хьашташ кхочушдарна лерина кхин а 50 000 долларх а лаьтташ ду. Федералан тIегIанерчу Iамеркера пачхьалкхан стоьландайшна юкъахь уггар а лакхара алапа ду иза. Президенто пайда оьцуш ши резиденци ю. Цхьаъ Вошингтонера КIайн ЦIа, важа Мэриленд штатера Кэмп-Дэвид а.

Цхьаъ президентан хIаваан кема а, цхьаъ беркема а ду Iамеркан президентан хьашташ кхочушдеш. Хьалха Iамеркан президентана яхта а кхачайора. Амма ша президент волчу хенахь Картер Джиммис иза дIайохкийтира, тIех харжаш ян оьшуш дац, аьлла.

Францин президенто Олланд Франсуас шел хьалха мехкан коьрта дарж карахь хиллачу Саркози Николясчул а кIезиг алапа оьцу. Саркозис шарахь 231 972 евро ахча эцара. Ткъа Олландан алапа 162 624 еврох лаьтташ ду.
Парижерчу Елисейн гIалахь Iа францин президент. Шен мукъа хан йолчу хенахь цуьнан бакъо ю Францин къилберчу «Форт де Брегансон» резиденцехь садаIа.
"Шато де Рамбуйе" а, "Домэн Насьональ де Марли" а резиденцешкахь официала цхьанакхетарш дIахьо.

Кадыровн Гуьмсехь йолчу резиденцин ков, 11Гез2008

Кадыровн Гуьмсехь йолчу резиденцин ков, 11Гез2008

​Веккъа Францерчу президентан хьашташ кхочушдан Airbus A330-200 олу хIаваан кема эцар къобалдира Францин парламенто 2009-чу шарахь.

Италерчу президентан алапа лакхара ду Францин президентачул а – 230 000 евро шарахь. Италин президентийн коьрта резиденци Римехь ю, цу гIалин уггар а лакхара Квиринал олучу гу тIехь. Цхьа резиденци Римана йистехь ю "Кастельпорциано" олуш. Важа, "Вилла Розебери" Неаполехь ю.

Пачхьалкхан резиденцеш а, кеманаш а, кхин йолу еза хIуманаш а пачхьалкхан долахь юьсуш ю. Ма-дарра яздина ду, арахьарчу пачхьалкхийн куьйгалхоша а, пачхьалкхийн векалша а деллачу совгIаташца хIун дан мега.

Германин президенто оьцучу алапан барам шарахь 199 199 евро бу. Цуьнан коьрта резиденци Берлинера Bellevue ю. Бонн гIалахь йолу "Хаммершмидт" вилла а президентан хьаштана йитина.

Дукха хан йоццуш, Iамеркерчу Forbes журнало шолгIа а хIокху дуьнан уггар а Iаткъаме зуда лерина Германин канцлер Меркел Ангела. Цул а хьалха оцу даржехь хилла Шредер Герхард канцлерна леринчу 200 йиъ-кIов метр йоккхачу петар чохь Iийра. Амма Ангела а, цуьнан цIийнда Зауэр Йоахим а шаьшшинан петар чохь дисира.

Кадыровн Гуьмсехь йолу резиденци, 11Гез2008

Кадыровн Гуьмсехь йолу резиденци, 11Гез2008



Немцойн канцлеран даржехь 190 эзар евро алапа догIу Меркелна. Иза цул сов, буднестагана депутат а йолун дела, 290 эзар евро алапа вовшакхета цуьнан шарахь. Амма оцу алапана тIера Iедална ял яла еза. Немцойн Конституцица а догIуш, Германин президент цIенна гайтаран стаг бен вацахь а, цуьнан алапа канлерчул а 11% алсам ду.

Берлинерчу Bellevue гIаланашкахь Iа йиш йолуш а ву. Шен тIеюхучу бедарх а, садаIарх а шен киснара ахча ло Меркелас. Audi A8 машен а, Airbus А-340 хIаваан кема а ду цуьнан хьашташна хьажийна. Шен долахь цхьа еза хIусамаш, хIурдан кеманаш а дац цуьнна.

Ма-дарра аьлча, президентийн а, премьер-министрийн а официала алапаш а, лакхарчу даржехь болуш цара хан йоккху гIишлош а лело езаран кеп Оьрсийчохь а ю, я-м. Амма Оьрсийчохь бац, пачхьалкхан стоьлан дайша ечу харжашна тIехьажа цхьа а аьтто.

Оцу тIехьажаран масала дара, дукха хан йоццуш, Германехь вохийна волу президент Вульф Кристиан. Шен доттагIашкара ах миллион евро ахча юхалург эцна хиллера цо, шен цIенош дан. Амма журналисташна гучудаьлча цо керстадира иза. Харцдерг дийцарх цо беза мах белира – иза вуьйхира шен даржера.

Оьрсийчоь - Кадыров Рамзан шен Йоьза Йоккха Топ динца оьрсийн президентан цIарахчу Москохара говрийн къийсадаларшкахь, 17Тов09

Оьрсийчоь - Кадыров Рамзан шен Йоьза Йоккха Топ динца оьрсийн президентан цIарахчу Москохара говрийн къийсадаларшкахь, 17Тов09

​Оьрсийн оппозицин лидерх цхьаъ волчу Немцов Бориса бахарехь, дукха хан ю Путина пачхьалкхан а, шен а бахамаш къеста ца бо. Дукха хенахь дуьйна ша йолу пачхьалкх шен долахь хеташ волу Путин, тIетаьIIина шен самукъадоккхуш а, бахамаш долабохуш а ву.

Путинан хьашташна лерина 43 (!) хIаваан кема ду. Ткъа цуьнан долахь йолу инзаре еза гIаланаш, виллаш, талла вахча пайда оьцу хIусамаш а ткъане кхаьчне. Царах цхьаъ Геленджикехь, Iаьржачу хIордана йистехь ю. Цу цхьана хIусаман мах бу миллиард доллар.
Цо урхалла дечу юкъанна цунна шена итт тIех еза хIусам йина.

Иштта, вуно дезачех долу хIурдан кеманаш а ду цуьнан долахь. «Олимпия» олуш дерг, Путинна олигархо Абрамовича делла ду совгIатана. Кхеташ ма-хиллара, оффшорехь хьесапе эцна ду иза. ТIаьххьара ши яхта, леррина Путинна ийцира 26 миллион стерлингийн фунт а делла. Дустуш аьлча, Белгин паччахьан доьзалан яхтин мах 4,5 миллион доллар бен бац.

Путинан сахьтийн коллекцин а ю вуно еза – 700 000 доллар. Оьрсийн президентан 6 шеран официалан алапа ду иза. Немцов Бориса дийцарехь, цхьана Путинна пачхьалкхо дойуш долу ахча, цхьана шарахь Оьрсийчура 3 300 000 стаг вехаш йолу регион шарахь кхаба тоьар дара.

Малхбузерчу аналисташна хетарехь, Оьрсийчура бахархой Iемина бац, шайн куьйгалхой мадаре хила. Доцца аьлча, Путинан долахь болу бахамаш 50-70 миллиард долларехь лору. Оьрсийн император Николай ШолгIачунна тIаьхьа, оьрсийн исторехь уггар а вехаш стаг ву Путин. Паччахьана санна, цунна иза магош а ду.

Путинал тIаьхьа ца висна, цуьнан пурбанца Нохчийчохь шен муьтIахьалла гойтуш волу Кадыров Рамзан. ХIора шарахь цо шен долахь бу аьлла язбеш болу бахам, цуьнан 4 191 138 сом алапех а, 36 йиъ-кIов метр петарх а лаьтташ бу.

Кадыровн долара ЦIоьнтрара цIенош, 12Сти2012

Кадыровн долара ЦIоьнтрара цIенош, 12Сти2012

Машенаш цуьнан долахь яц, официалан декларацино дийцарехь, кхин болу бахамаш а бац. Хьалха цо язъеш хилла Жигули машен дIаяьккхина цу документ тIера. Цуьнан хIусамненан долахь ю аьлла язъйина петар ю 210 метр ца кхоччуш. Цунна ахча тIедогIу меттиг хьахош яц документо.

ЦIонтарахь КадыровгIеран йолу хIусамаш а декларацина юкъа ца язъйо Кадыровс. Цуьнан зорбан-секретаро Каримов Iаьлвис оцу хьокъехь хаамийн гIирсашка бечу хаамца, эвлара хIусамаш Кадыров Ахьмат-хьаьжин долахь яра. Иза веллачул тIаьхьа, цунах йисинчу Кадырова Айманин цIарна тIе яьхна.

Оццу хенахь, дикка хууш ду, Кадыровс шена хIумма ца кхоадарх лаьцна. Цуьнан долахь уггар езачех йолу иттаннаш Porshe Cayenne а, BMW а машенаш ю. СовгIатана елла боху машенаш ю Ягуараш а, Ламборгиниш а. Куьйгах доьхку сахьт ду 300 эзар доллар мах болуш.

Дукха хан йоццуш йина евлла, Нохчийчоьнан кррьтачу гIалахь, Соьлжа хи йистехь гIаланаш санна яккхий хIусамаш. Оцу хIусамийн суьрташ ду интернетехула лелаш – дешех кхоьлина луьйчу меттигаш а, хьоштагIанаш а йолуш.

Хаамийн гIирсийн хьесапехь, Кадыров Рамзаннна ахчанаш тIедогIу меттиг, цуьнан официала алапа дац. Кадыров Ахьмат-хьаьжин цIарах йолу фонд ю. Фондан официала Iалашо – тIемаш хилла Нохчийчоь меттахIоттор ю. Амма тIаьхьарчу 4 шарахь цо цхьаъ меттахIоттийна аьлла информаци йоцуш ю.

Ша Кадыров Рамзана маситтаза дIахьедар динера, хьалха шен деца доттагIалла лелийна хиллачу бизнесменашкара догIу фонде ахчанаш. Амма оцу фондехула билггал чекхдолучу ахчан барам цхьаннена а хууш бац. Оццу хенахь, Iедалан белхашкахь болчу наха а, бюджетера алапаш оьцучара а, лечкъа а ца деш дуьйцу, шайн алапин тIера хIора баттахь, мел лаххара а, 10-20 процент ахча схьаоьцуш ду, оцу фонде дIадала, бохуш.
XS
SM
MD
LG